ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен йиша ницкъаша доьза яйъина хилар Европан кхеле тIечIагIдайта гIерта ГIалгIайчоьнан яхархо


Алиева Лиза
Алиева Лиза

Алиева Лизин, ГIалгIайчуьрчу яхархочун, арз Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле дIакхачийна адвокаташа. Шен йиша Марем ницкъаша доьза яйъина хилар тIечIагIдайта гIерта и зуда. Иштта хаам бина Кавказ.Реалиига цунна юридикан гIо кхачош йолчу "Бакъонан инициатива" проектан векалша.

ХIусамехь гIелоярх лаьцна Страсбургехь дуьххьара луьсту дов хир ду иза Оьрсийчоьнна.

Алиева Лиза дуьххьара йолуш а яц Европан кхеле. Лурчах Iай цо Страсбурге хьажийра ша цIера ядорах а, ша ядийнарш Оьрсийчоьно таIзар ца деш битарх а лаьцна.

2015-чу шеран аьхка Елизавета а, цуьнан майра а лачкъийра шайн цIера герзашца еъначу тобано, амма лецна кхобучуьра мукъабехира уьш полицино. ТIаьхьо лецира и зулам дарна ГIалгIайчуьра бахархой Евлоев Мухарбек а, Парагульгов Мурад а (Евлоев Лизин йиша Марем яханарг вара, Марема дуккхаза а динера аьрзнаш, шена майрачо етта бохуш).

Европан кхело цхьаьнатоьхна ши дов – "йижарийн АлиевгIеран хьокъехь гIуллакх": 2017-чу шарахь Марема а, тIаьхьо Лизас а шайна йинчу гIелонийн хьокъехь дина аьрзнаш.

  • 2015 шеран гуьйренан цхьана дийнахь Марема телефон тоьхна йише Лизига, хаийтина шайн чохь рогIера дов иккхинийла, аьлла, дуккха а божарий баьхкина шайга, нагахь санна ах сахьт даьлча шен телефон жоп луш ца хилахь, полици кхайкха. Оцу сахьтехь дуьйна яйна ю Марем.
  • Лиза къар а ца елла, долийна Iедало Марем ярах долу бехктакхаман гIуллакх. Таллам болабелча, кхерамаш тийса болийна Лизина, керта кхоьссина, граната а эккхийтина.
  • Мареман цIийнда гIиртина Лиза лачкъо. Оцу бахьаница полицин изоляторехь массех бутт баьккхина Евлоев Мухарбека (невцо). Амма шен зуда Алиева Марем доьза ярца доьзна шеконе а ца виллина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG