ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростов-махкарчу набахтийн куьйгалхо Iийна Даххаев Муслим кхидIа а латтор ву лаьцна


Ростов-махкарчу набахтешна тIехьожуш хилла Даххаев Муслим кхин а кхаа баттахь кхобур ву талламан изоляторехь, хаам бо Интерфаксо.

Даххаев лецира стохка гурахь пачхьалкхан къайле Iораяккхарна (Бехктакхаман кодекс, 283) иштта бовзуьйту цунна дуьхьалбаьккхина бехк цуьнан адвоката.

  • Набахтийн урхаллин (ФСИН) директоран гIовса Максименко Валерийс хьалхо хаийтира Даххаевна пачхьакхан къайле ястар бехкедеш хилар. Иза ша цхьаъ ву бехктакхаман гIуллакхехь.
  • Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу ницкъийн инарла-майор, дагестанхо (гIазгIумки) Даххаев Муслим Ростов-махкарчу набахтийн куьйгалхочун дарже хIоттийра 2018 шеран аьхка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG