ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев ЖовхIар Бостонерчу марафонехь терроран тохар дарна вен кхачош бина сацам юхабаьккхина


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхина Бостонерчу марафонехь терроран тохар дарна Царнаев ЖовхIар вен кхачош бина хилла сацам.

2013-чу шеран Охан-беттан 15-чу дийнахь динчу лелхийтаршкахь велира ши стаг, лазийра 260. Зулам дина ши ваша лоцуш, полицино вийра воккхахволу Царнаев Тамерлан, лецира ЖовхIар. Хиллачу кхело вежарий бехкебира терроран тохар дарна. 21 шо кхаьчначу ЖовхIарна вен кхачош сацам бира, шина вашас шаьш лаца тIаьхьабевллачу полисхойх цхьаъ вийна хилар а бехке а диллина.

Дареш дечу хенахь Царнаев ЖовхIара дийцира талламчашка, шаьш лелха коьчалш вешин Тамерланан Массачусетс штатерчу Кембриджерчу петарахь кечйира, уьш еш шаьш туьканара эцначу пиротехникан патармех пайда ийцира, аьлла. Амма лерринчу ницкъашна ца карийра ларш цо дийцинарг бакъдеш.

Нохчийн ЦарнаевгIеран доьзал Америке дIабахале баьхна, депортацехь хан текхна шайн къоман нах а санна, ГIиргIазойчохь, цул тIаьхьа – ненан даймахкахь Дагестанехь. ЖовхIарна америкахочун паспорт делла 2012-чу шарахь.

Вен кхачор аппеляцин кхело юхадаккхаро дуьззина къаста ца до Царнаевх хиндерг. Цуьнан дов юхалиста дезар ду. Амма прокурорийн бакъо ю юха а иза вен кхачош болу сацам тIеэцийта хьовса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG