ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхокхешна яа хIума яла" кхайкхам бинчу жигархочунна гIуда тоьхна Краснодарехь


Краснодарерчу Ленинан кIоштан кхело меттигерчу вахархочунна Молоданов Виталийна 20 эзар сом гIуда тоьхна, Хабаровскерчу гуламхошна гIодеш, нах акци ян кхайкхарна.

ГIуда тоха бахьана даьлла дозанал арахьа вехачу оппозиционера Ходорковский Михаила Телеграмехь, Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь "Кхокхешна яа хIума ло" (къайлахчу маттаца: «Хабаровскерчу гуламхошна гIо де»), аьлла, хIоттийна пост Молодановс шен агIоне хIотторах. Иштта хаам бина "Юг. МБХ медиа" портале адвоката Беньяш Михаила.

Лецира Молоданов тахана краснодархоша хIоттийначу акцехь.

  • ДIадахначу шоьтан дийнахь а хилира Краснодарехь Хабаровскерчу гуламхошца гIолоцу акци, цигахь лецира кхо жигархо.
  • Хабаровскехь ткъеха де ду Iедало Москварчу набахтехь кхобучу мехкан губернаторан Фургал Сергейн агIолоцу бахархой иттаннаш эзарнашкахь гуламе бевлла Iа.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG