ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Американ санкцешна кIелваха хьаьгна ву хIора а, Царнаевна юха а вен кхел кхайкхаяйта еза, боху Трампа


Царнаев ЖовхIар
Царнаев ЖовхIар

Таьххьарчу кIиранан коьрта хиламаш

Оьршот. Нохчийчохь хIора а ву Американ санкцешна кIелваха хьаьгна, элира Нохчийчоьнан куьйIгалхочо Кадыров Рамзана.

Ша а, шен кхо доьзалхо а юкъаязвинчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарахь хила лууш бу махкара массо а бахархой, дIахьедира цо "Россия-1" телеканалан эфирехь Товбеца-беттан 26-чу дийнахь.

  • Нахана тIехь Iазап латторна, еш кхел а йоцуш, бахархой хIаллакбарна, адамийн кхийолу бакъонаш талхорна Американ Цхьаьнатоьхначу Штататийн Пачхьалкхан департаменто керла санцеш яьхна Товбеца-беттан 20-чу дийнахь Кадыровна дуьхьал. Санкцин тептара язйина Нохчийчоьнан куьйгалхочун зуда Кадырова Медни а, ши йоI а - Iайшат а, Карина (Хадижат) а.
  • Кадыровна тоьхначу санкцешна дуьхьал шаьш флешмоб ян арадаьхна, аьлла, аьрзнаш дан долийра Нохчийчоьнан бюджетера алапа оьцучу наха. Кадыров хестор тIедожийна шайна, яздо социалан машанашкахь Нохчийчуьрчу бахархоша.

Шинара. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бехкейина Польшин дозанхойн политика – цара Нохчийчуьра уьду нах Беларусин дозанах чекх цабийлийтар.

2017-чу шарахь шайга кхерамзалла йоьху нохчий Беларусе юхахьежорца Польшерчу дозанхоша дохийна Европан адамийн бакъонийн конвенцин масех декъера низам, боху Страсбурган сацамо. Аьрзнаш чуделлачу кхойтаннах хIоранна 34 000 евро кхачийна компенсацина Европан кхело. 2017-чу шарахь, официалера боцчу хаамашца, Беларусан дозанехь Польше кхача гIерташ, хан яьхьира масситта эзар нохчочо.

Оцу юкъанна Кадыровн цIарах йолчу лерринчу гIуллакхийн полкан куьйгалхочо Чамаев Замида, шен куьйга кIел волу эпсар винчу денца декъалвеш, хаийтина иза Украинехь а, Къилба ХIирийчохь а, Либехь а, Шемахь а хиллийла. Иза Чамаевс довзийтина ша Инстаграме хIоттийначу постехь. Арсен цIе йолу подполковник ву цо вовзуьйтуш (редакцин аьтто ца белира эпсарх дерг алссам хаа). Ткъа кхечу цхьана постехь Чамаевс, шега динчу хаттарна дуьхьал жоп луш, яздо «Арсен» Украинехь хилла хиларх лаьцна. Буьйранчас йовзуьйтучу факто гойту Нохчийчуьра Кадыровн ницкъаш къайлаха кхечу пачхьалкхашкарчу тIемашка хьийсош хилар.

Кхаара. Украинерчу бусалбанийн "Умма" урхаллин муфтийс Исмагилов СаIида Киеверчу Искровская ураман цIе хийцар, цунна керла цIе ялар доьху гIалин куьйгалле. Цо бахарехь, урамна тилла еза Дудаев ЖовхIаран цIе. Исмагиловс кехат хьажийна Киеван кхеташоне (парламенте) ураман цIе хийцар доьхуш. Ткъа Кхеташоно, Кавказ.Реалиин хаттарна жоп луш, бакъдира и кехат шега кхаьчна хилар.

Киеван мэрерчу хьостано бинчу хаамца, ГIалин депутаташа герггарчу шайн гуламехь дийцаре дуьллур ду ураман цIе хийцар.

Дудаевн цIе лелош урамаш ду Стамбулехь, Анкарахь, Амманехь, Львовехь, кхин а масех пачхьалкхехь. Нохчийчоьнан хьалхарчу президентан цIарах майданаш ю Варшавехь, Вильнюсехь, Ригехь, иштта дIа кхечу гIаланашкахь а.

Къилбаседа Кавказехь йисинчу тIаьххьарчу тIемалойн тоба (амир Бютукаев Аслан) куьгбехке ю Росгвардин лейтенант Алиев Увайс ГIалгIайчохь верна, аьлла, тIемалойн лар деха йолийна ГIалгIайчуьрчу Соьлжан кIоштан хьаннашкахь.

Еара. Лаххара а ши миллион бусалба стаг ХьаьжцIа вогIуш хуьлу Макка еса яра. Кху муьрехь цига бац кхаьчна I0 эзар гергга нах бен. Ткъа уьш бу, доккхачу декъанна, меттигера бахархой. 65 шарал сов хан йолчу баккхийчарна а, хроникан цамгарш йолучарна а ца магийна ХьаьжцIа баха.

Пандеми яьржичхьана схьа СаIудийн Iаьрбийчохь COVID-19 ун хьакхаделла 270 эзар вахархочух, товелла 230 эзар. Белларш бу 3000 гергга.

ПIераска. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхина Бостонерчу марафонехь терроран тохар дарна Царнаев ЖовхIар вен кхачош бина хилла сацам.

2013-чу шеран Охан-беттан 15-чу дийнахь динчу лелхийтаршкахь велира ши стаг, лазийра 260. Зулам дина ши ваша лоцуш, полицино вийра воккхахволу Царнаев Тамерлан, лецира ЖовхIар. Хиллачу кхело вежарий бехкебира терроран тохар дарна. 21 шо кхаьчначу ЖовхIарна вен кхачош сацам бира.

Вен кхачор аппеляцин кхело юхадаккхаро дуьззина къаста ца до Царнаевх хиндерг. Цуьнан дов юхалиста дезар ду. Амма прокурорийн бакъо ю юха а иза вен кхачош болу сацам тIеэцийта хьовса.

Шот. Хабаровск гIалахь йоьдучу протестан митинг кобалъеш, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь гуламашка буьйлу бахархой. Краснодарерчу Ленинан кIоштан кхело меттигерчу вахархочунна Молоданов Виталийна 20 эзар сом гIуда тоьхна, Хабаровскерчу гуламхошна гIодеш, нах акци ян кхайкхарна.

Лецира Молоданов тахана краснодархоша хIоттийначу акцехь.

  • ДIадахначу шоьтан дийнахь а хилира Краснодарехь Хабаровскерчу гуламхошца гIолоцу акци, цигахь лецира кхо жигархо.
  • Хабаровскехь ткъеха де ду Iедало Москварчу набахтехь кхобучу мехкан губернаторан Фургал Сергейн агIолоцу бахархой иттаннаш эзарнашкахь гуламе бевлла Iа.

КIиранде

Террорхо Царнаев Джохар вуьйш кхел кхочушяйта гIуртур бу федералан Iедалхой аьлла, дIахьедина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда. 2013-чу шарахь Бостонехь йоьдучу марафонехь кхо стаг а вуьйш, 280-на чевнаш а еш, теракт дарна бехкевеш ву шен вешица Тамерланца цхьана Царнаев. ПIераскан дийнахь апелляцин кхело юхабаьккхина Джохаран хьокъехь бина хилла шайн сацам.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналl.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналl.

"Бостонера террорхочунна Царнаев Джохарна санна вуьйш кхел йогIуш верг цхьа наггахь бен хир вац. "Пачхьалкхехь лелийначу къизаллашлахь уггар а вон теракт дара иза" аьлла, дIакхайкхийнера кхело. ХIетте а апелляцин кхело вен кхайкхош бина хилла сацам юхабаьккхина", - яздина Трампа шен Твиттерехь.

"Вайн пачхьалкхо магийта ца беза апелляцин сацам. Цул совнах, оцу процессо дуккха а хан дIалаьцна", - аьлла, тIетоьхна президенто.

Апелляцин кхел тIетайна адвокаташна, Царнаевн кхел Бостонехь дIаяхьарна, аьтто ца баьллера оцу гIуллакхан озабезамаш ца бен бехккъасторхой вовшахтоха аьлла.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхина Бостонерчу марафонехь терроран тохар дарна Царнаев ЖовхIар вен кхачош бина хилла сацам аьлла, яздира хаамашкахь шоьтан дийнахь.

Вен кхачор аппеляцин кхело юхадаккхаро дуьззина къаста ца до Царнаевх хиндерг. Цуьнан дов юхалиста дезар ду. Амма прокурорийн бакъо ю юха а иза вен кхачош болу сацам тIеэцийта хьовса.

2013-чу шеран Охан-беттан 15-чу дийнахь динчу лелхийтаршкахь велира ши стаг, лазийра 260. Зулам дина ши ваша лоцуш, полицино вийра воккхахволу Царнаев Тамерлан, лецира ЖовхIар. Хиллачу кхело вежарий бехкебира терроран тохар дарна. 21 шо кхаьчначу ЖовхIарна вен кхачош сацам бира, шина вашас шаьш лаца тIаьхьабевллачу полисхойх цхьаъ вийна хилар а бехке а диллина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG