ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь коронавирусан уьнах кхин а цхьа дархо велла


Нохчийчохь кхин а цхьа дархо кхелхина коронавирусан уьнах аьлла, хааме даьккхина махкарчу хаамийн гIирсаша. Роспотребнадзоро кIирандийнахь Iораяьккхинчу статистикаца, регионехь тесташ йина 172 069 вахархочунна, царех 1 936 тIаьххьарчу буса-дийнахь йина.

COVID-19 вирус къаьстина 2 082 стагаца, ткъа тIаьхьарчу 24 сахьтехь итт стаг ву ун даьлла. 1 387 стаг дарба а хилла, лоьрийн тергонера ваьлла. Кхелхина эпидеми яьржичхьана 33 пациент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG