ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 6 стаг, цомгуш хилла - 402


ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 6 дархо велла, цамгар лаьцна кхин а 402 стага.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Ставропол-махкарчу дарбан хIусамашкахь дIаваьлла ши унхо, Краснодар-махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца. Юьхьанца схьа COVID-19 цамгарх велларг ву регионехь 1 014 вахархо.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Краснодаран кIоштахь- 113 стаг:

  • Краснодаран махкахь + 113 (8 585 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Ставрополан кIоштахь + 111 (8 560)
  • ГIалмакхойчохь + 46 (2 705)
  • Дагестанехь + 42 (9 392)
  • Адыгейхь + 27 (2 830)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 16 (6 024)
  • ГIалгIайчохь + 15 (3 744) ​
  • Кхарачой-Чергазийчохь + 11 (4 476)
  • Нохчийчохь+11 (2 093)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 10 (4 578)

Къилбаседа Кавказехь 52 601 стеган тесташа гайтина COVID-19 цамгар. Ткъа Оьрсийчоьнан юкъара и терахь ду 856 264.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG