ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газето" коронавирусах лаьцна язйина материалаш фейкаш ю аьлла, гIуданаш диттина


"Новая газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий
"Новая газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий

"Новая газетана" а, цуьнан коьртачу редакторна Муратов Дмитрийна а административан шишша протокол хIоттийна, цара фейкаш яржийна аьлла, бехке а озийна, яздо «МБХ медиано», Муратовн хаамна тIетевжина. Цо дийцарехь, цхьадолчу эскархойн декъехь эпидеми яржарх Ширяев Валерийс язйинчу "Свистать всех наверх" материална тIехула а, иштта Милашина Еленас зорбане яьккхина Нохчийчуьрчу цхьана кIоштахь COVID-19 вирус бахьанехь лаьттачу хьолах артикл хьокъехь а.

Коьртачу редакторо билгалдаьккхина, хьалхара метериал Роскомнадзоран тIедилларца шаьш сайтера дIаяьккхина а, ткъа шолгIаниг кхело шен сацам бовзийтталц къайлаяьккхина латтош а хилар.

Мангал-беттан юьххьехь оццу бехкашца 60 эзар соьмана гIуда тоьхнера ProUfu порталан коьртачу редакторна Алмаев Тимурна. Уфахь гIаларчу кешнашкахь эзар леррина меттиг кечйина коронавирусах беллачу нахана аьлла, портало зорбане баьккхина хаам фейк лерира талламчаша.

Ткъа Охан-баттахь "Коммерсант-Уфа" газетано бира цунах хаам - коьртачу редакторна Павлова Натальина а цхьаьна хIоттийра протокол, харц информаци яржийна аьлла. Оцу юкъанна, мэрин пресс-секретаро бакъдира, кешнашкахь меттигаш кечбеш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG