ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхойх дIакхетта аьлла, шеконашка эцна Устрада-ГIалин вахархо


Шемара Алеппо
Шемара Алеппо

Устрада-ГIалара 35 шо долу вахархо Шема а вахана, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхетта аьлла, хаамбина талламчаша. Масех шо хьалха Туркойчухула Шема дехьа а ваьлла, даIишхойх дIаийначу цо тIемашкахь дакъалаьцна аьлла, хаамбина "Кавказский узел" агенталле Нохчийчуьрчу Талламан комитетерчу церан хьосто.

"Оцу жимчу стагана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Зуламан кодексан 205.5-чу арктиклехь. 20 шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо цу кепарчу бехкана", - аьлла, дийцина агенталле.

Нохчийчуьрчу ницкъаллийн структурийн зерашца, 2013-чу шарера схьа дуьйна махкара Шема тIаме вахана 800 гергга меттигера вахархо. Хетарехь, царех дукхахберш байъина Шемахь а, Иракъехь а лаьттинчу тIемашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG