"Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхоша Афганистанан малхбалерчу Нангархар провинцерчу набахтена динчу тIелатарехь мел лахара а 39 стаг вийна кIиран буса. Пачхьалкхан Iедалхоша оршотан дийнахь бинчу хаамца, беллачарлахь могIарера нах а, ницкъаллийн структурийн белхахой а, тутмакхаш а бу. Церан зерашца, вийна 10 тIемало гергга.
Шайна гергарчу Amaq сайте дIахьедина даIишхоша, тIелатарх жоьпалла шайна тIелоцуш.
Дуьххьара "Исламан пачхьалкхан" тIемалоша, Нангархаран провинцин административан центрехь Джелалабадерчу набахтена гергахь машен эккхийтира. Цул тIаьхьа набахтен дозана тIехь царна а, полисхошна а юкъахь буьйсане дIадахделлера герзашца хилла летарш. Дина тIелатар бахьана долуш 1 800 гергга тутмакх маьршаваьлла, бу царлахь тIалибаш а, даIишхой а, кхинболу зуламхой а.
Азаттыкан Джелалабадерчу корреспондентан хаамашца, оршотан Iуьйранна дуьйнна дуьхь-дуьхьал герзаш деттара тIемалоша а, полисхоша а луларчу гIишлошна юкъара. Афганистанерчу Iедалхоша дIакхайкхийна, тIелатар дирзина аьлла, делахь а, церан информацица, бовда аьтто хилла тутмакхаш хIинца а карабахканза бу.