ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп дуьхьал вац школаш схьаеллийта, ткъа Германехь бераш деша дуьйладелла


Пандемин муьрехь берийн дешарх дийцаредо дуьненчуьрчу мехкашкахь. Цхьайолчу пачхьалкхашкахь ун кхин тIе а даьржаш лаьтта, ткъа кхечу мехкашкахь, эпидеми лахъелла го, амма саготта бу шолгIа тулгIе хьовзарна. Къаьсттина коронавирусо зен динчу 4,7 миллион стаг ун даьлла хиларца билгалваьллачу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, дешарца доьзна масех кеп ю билгалъяьккхина.

Американ коьртачу инфекционисто Фаучи Энтонис оршотан дийнахь еллачу интервьюхь дIахьедина, бераш школашка дерзон ша реза ву, амма хIора а меттигехь йолчу ситуацига хьаьжжина аьлла.

Школаш схьаелийтарна тIехь соьцу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Трамп Дональд а. Цуьнан дIахьедаро коьрта проблема гIаттайо, 155 эзар гергга вахархо веллачу пачхьалкхехь, Лахьан-беттан харжамаш гергаркхочучу юкъанна.

Кху кIиранчохь дешаран шо долалуш ду цхьайолчу шататашкахь: Джорджиехь, Миссисипехь, Тенессихь.

Германехь школаш болх бан юьйлаелла. Европехь шолгIа тулгIе эккха кхерам лаьтташехь, иттаннашкахь эзарнаш немцойн бераш оршотан дийнахь школе дIадахана. Мекленбург олучу къилбаседанерчу федералан лаьтта тIехь уггар а хьалха дешар дIадолийра Передняя Померания олучу меттигехь.

Пандемин тохар ловш йолчу Латинан Америкехь доллу дешар онлайн-форматехь дIахьош ду, иштта урокаш гойтуш ю телехьожийлехь а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG