ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Красноярскерчу набахтехь коронавирусан ун даржарх дIахьедо тутмакхийн гергарчара


Красноярскерчу номер 6 йолчу колонехь хан токхучу тутмакхийн гергарчара дIахьедина, 30 сов коронавирусан инфекци токхуш болчу нахана лелош дарба дац, ткъа цхьаболчу COVID-19 вирусан симптомаш йолчу нахана тесташ ян дуьхьал бевлла аьлла. "ТВК Красноярск" телехьожийло бина цунах лаьцна хаам, тутмакхийн гергарчарна тIетевжина.

Чохь латточу цхьаннан гергарчо бахарехь, 30 сов ун даьржинчу нахалахь цхьаъ велла хIинцале а. Оцу юкъанна, уьнца болу нах дIакъастош бац могаш болчу нахах, ткъа цаьрца контакт хиллачеран тесташ еш яц.

"Нагахь санна, цхьаъ дIавуьгий, иза юха валош вац. Царна лелош дарба а дац, тIаьххьалц латтабо, уьш белла дIабовллалц. Стаг лахь, реанимаци йогIу, иза дIавига. Оцу юкъанна, цомгаш нах изоляци ца боху. Массо а билгалонаш йоллушехь, сан вешина тест еш яц", - аьллачу Красноярскерчу яхархочун Анастасиян дешнаш далийна телевизионо.

Красноярскан кIоштарчу федералан таIзар кхочушдечу урхалло (ГУФСИН) дуьхьало йира телефонехула комментари яла, тIаьхьо жоп доуьйтур ду шаьш аьлла.

ИК-6 набахте дIакъевлина яра Стигалкъекъа баттахь. Оцу колонерчу тутмакхаша латкъамаш бора, шайн хан чекхъяьллашехь, маьрша ца доху шаьш, корпонавирусан ун дIасадаржор ду бохуш, бахьанаш а хIиттош, дагадоуьйту Сибирь.Реалиис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG