ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Потанинан беша боьду некъ". Кавказан Iаламна гIело йо "Роза-Хутор" курорто


Сочина гонахара жил-Iалам лардеш, низамо хьаян мегаш дац аьлла къастийна меттигаш дIа а лоьцуш, къевлина латточу Кавказан биосферин зонина герга гIерта Потанин Владимиран "Интеррос" холдинган декъара когсалазийн курорт "Роза-Хутор".

Иштта хьал гойту Кавказ.Реалиига кхаьчначу курорт кхиоран схемано.

Экологаш кхоьру холдинго Кавказан лаьмнийн могашалла эшийча оьккхур болчу кхерамах. Оцу бахьаница шаьш ца довлу дуьненаюкъара жил-Iаламан бахам кхерамна буха нислуш латтарх лаьцна Iаламан, историн мехаллаш ларъечу ЮНЕСКО-га орца ца дехча, боху цара.

Къайленаш

ТIе гIишлош хIитто дихкинчу зонехь ялх фуникулер, бехха когсалазийн некъаш, кхийолу объекташ яхка Iалашо ю, суьрто гайтарехь.

6000 гектар ю низамо хьеян дихкина йолу жил-Iаламан зона, иза дIакхета Сочерчу халкъан парках – цигахь ю Оьрсийчохь уггаре йоккха когсалазийн "Розы-Хутор" курорт. Хьеян дихкина меттигаш дIалеца йолийна цо 2014-чу шеран Олимпиада йирзича.

Йихкинчу меттигашкахь бохку некъаш
Йихкинчу меттигашкахь бохку некъаш

Къилбаседа Евроазин Iалам лардечу дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетараллин комиссин декъашхочо Набережная Юлияс дийцарехь, тIаьххьарчу ялх шера чохь когсалазийн инфраструктуро хIаллакйинчу жил-Iаламан мехаллийн территори шозза шоръелла. Масех шо ду низамо къевлинчу меттигашкахула некъаш бахка болийна: цхьаъ боьду Аибга ломан къилберчу агIонца Сийначу ишал (Голубое озеро) тIе, шолгIаниг – Энгельмановн майданара Кардывач ишал тIе. Цкъачунна сецна лаьтта белхаш халкъан паркан а, низамо хьеян дихкинчу а меттигийн дозанехь, амма ханна бен дац уьш совцор – Iалашо кхочушйийр ю, гарехь, хенан йохалла.

- «Роза-Хутор» курорто дуккха а меттигаш эцна, «ханна» аьлла. Уьш ерраш а цхьаьнатоьхча, тIеттIабоьлху некъаш а чулерича, ерриг а зона дIалоцу цара, ала тарло", - боху Набережнаяс.

ХIоьттинчу хьоло новкъарло йо лаьмнашкарчу акхарошна дIасалела. Цул сов, Мзымта хин коьртера меттигаш ахка йолаяхь, Сочерчу Адлер гIала кхочу хи лекъар ду, чIагIдо экологаша.

Энгельмановн ирзуне боьду некъ
Энгельмановн ирзуне боьду некъ

Эрна дац говзанчаша сагатдар. 2016-чу шарахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо арахецначу низамо магадо хьеян мегаш йоцчу территори тIехь шайх биополигонаш олу обеъкташ хIитто – царна тIехь таро ю холдинган гIишлош хIитто а, инфраструктура кхолла а.

"Роза-Хутор" курортан куьйгалхошна хетарг

Сочерчу хьеян дихкинчу Iаламан зонех хIун хуьлуш ду, стенна бохку цигахь некъаш, аьлла, Кавказ.Реалиино динчу хаттарна жоп луш, "Роза-Хутор" курортан пресс-векалто деллачу жоьпо «хуьйцу» буьйцучу некъийн статус: "зона Iалашъян оьшу и объекташ, Сочин халкъан паркехь ларъеш йолчу меттигашкахь бохку некъаш хила тарло аш буьйцурш, уьш хьаннаш ларъярхьама бохкуш бу".

Пресс-векалто бахарехь, курорт дагахь ю пхеа шера чохь ломахь гIашлойн некъаш бахка а, туристийн лагерш хIитто а. "Белхаш, массо а Iалам Iалашден хьелаш а лардеш, массо а агIонашца барт а беш, дIахьош бу. Некъаш а бу оццу Iалашонца бохкуш ", - боху комментарехь.

Кийтарлонаш а, хIилланаш а

6 шо хьалха ша а, меттигера IаламIалашдархойн тоба а хьеян дихкинчу меттигашкахь когсалазийн курорто шен инфраструктура шоръяр, некъаш дахкар мел догIу низамца къасто гIоьртира, дуьйцу Набережная Юлияс.

"Курорто тхуна ша халкъан паркаца бина барт гайтира, хьаннаш цIарх ларъеш дохкуш ду некъаш, бохура документо. Оцу Iалашонах бахьана а дина, хьокхуш яра хьаннаш, тIай дара Мзымта тIехула туьллуш", - дуьйцу Iалам лардечу дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетараллин комиссин декъашхочо.

Цо бахарехь, оццу документо лучу бакъонна кIел а даьхьина, цунах «байракх а йина», изза зен ду деш Аибга ломарчу хьаннашна а.

Сочина гонах хьеян мегаш доцчу меттигашкахь гIишлош хIиттор, некъаш бахкар Набережная Юлияс дузу совдегарна Потанинна еш йолчу садоIучу хIусамца. Цо бахарехь, тарло и хIусам гучуяла Кардывач ишална уллехь, шена тIекхачийна некъ а болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG