ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташо" дIакъовлар низамашкахь ду аьлла кхело


"ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонан" куьйгалхочун декхарш кхочушдеш хилла Даскиев Мурад
"ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонан" куьйгалхочун декхарш кхочушдеш хилла Даскиев Мурад

ГIалгIайчуьрчу Лакхарчу кхело "ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташо" дIакъовлар низаман гурашкахь бина сацам бу аьлла. тIечIагIдина Сочерчу апелляцин кхело. Юкъараллан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Даскиев Мурада бина и хаам. Кавказ.Реалиига цо дийцарехь, хIара кхелан дуьхьало - рогIера дуьненаюкъарчу инстанцига довлучу процессан этап ю. Цкъачунна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле бовла дагахь бу уьш.

"Хууш дара, жоп иштта хир дуйла. Тхан Кхеташо харцонца дIакъевлина, цхьа могIа кхачамбацарш дитина цара. Низамашкахь дина дац. Массо а бина талламаш низам тIехтосуш бара", - аьлла, дийцина Даскиевс.

  • Даскиевн гIуллакхна тIехула хьалхо Европерчу кхеле латкъам бинера бакъонашларъяран "Мемориал" центро. Пригородный олучу кIоштахь видеокхайкхам бина аьлла, 15 эзар сом гIуда тоьхнера цунна. Шена хаа хууш, харц информаци яржийна цо аьлла, бехкевинера иза кхело.
  • Стохка ГIадужу-беттан 8-чохь республикан юридикан министралло чуеллачу искаца, ГIалгIайчуьрчу Лакхарчу кхело дIакъевлира "ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташо".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG