ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шойгус алапаш тIетоьхна тIеман гIуллакхдархошна


Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс цIеххьашха алапаш тIетоьхна тIеман гIуллакх дечийн масех категорешкахь. ХIора баттахь церан алапа совдоккхучу омрана куьйг яздарх дIахьедина министро урхаллехь йоьдучу селекторан кхеташонехь. Алапаш лакхадаьхна эскарерчу авиаторшна а, хIордан а, ракетийн эскаршна а, Инарла штабан коьртачу урхаллан белхахошна а. 45 эзар тIеман гIуллакхдархочо оьцур ду лакхарчу барамехь алапаш тIейогIучу хенахь.

Шойгус бахарехь, баттахь 23 эзар сом ду тIекхеттарг. И бохург ду, цуьнан омра кхочушдан хIора баттахь бюджетера миллиард сов сом оьшург хилар. Омрана ша куьйг таIийна кхо кIира хьалха аьлла. дIахьедина министро. Байначу беттан хьалхарчу дийнера схьа дуьйна дала долор долуш ду тIетоьхна ахчанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG