ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат: Батукаевн гIуллакх луьстучу процессе Атамбаев валон сацамбина кхело


ГIиргIизойчоьнан хилла президент Атамбаев Алмазбек
ГIиргIизойчоьнан хилла президент Атамбаев Алмазбек

Криминалан авторитет Батукаев Iазиз бакъо йоцуш хенал а хьалха набахтера маьршаваккхаран хьокъехь долийна гIуллакх тахана кхин дIа а луьстур долуш ду Бишкек гIалин кхелехь. Пачхьалкхан президент лаьттина Атамбаев Алмазбек кхеле кхачон Iалашо ю аьлла, дийцина Свобода Радион гIиргIизойн сервисе "Азаттыке" адвокато Жоошев Замира.

"Кхул а хьалха хиллачу кхеташонехь вацара Атамбаев Алмазбек. Иза латточу СИЗО-хь видеозIе ян аьтто бацара, кхело шен сацамца тахана, Марсхьокху-беттан 6-чохь кхелан процессе валор волуш ву иза , - аьлла Жоошевс.

ДIадахначу шинарин дийнахь адвокаташа суьдхочуьнга дехар дира, президент лаьттинчун бахамна конфискаци еш кхело бина сацам низамашкахь буй хьажахьара аьлла.

Бишкекерчу Первомайскан кIоштан кхело Мангал-баттахь набахтехь даккха 11 шо а, ши бутт а хан кхайкхийра Атамбаев Алмазбекна, цуьнан бахам схьа а боккхуш.

Цул совнах, экс-президентера дIаяьхна цунна елла хилла пачхьалкхан мидалш а, орденаш а, сийлахь цIераш а.

Нохчо Батукаев Iазиз вина 1966-чу шарахь Чуйскан мехкан Токмак гIалахь. Криминалан гонашкахь цуьнан цIе дуьххьара яккха йолийра 1990-чу шерашкахь. 2006-чу шарахь 16 шо а, 8 бутт а хан тухуш, цуьнан бахамна конфискаци йира. Иза бехкевора стаг верна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, яккхий къепенаш латторна а. 2021-гIа шо юккъе гIоьртича чекхйолуш яра цунна тоьхна хан.

Батукаев Iазиз низамца а доцуш маьршаваккхар коррупцица доьзна ду аьлла, гIиргIазойн 19 хьаькамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш долийна. Царах 14 стаг резахиллера шайн лаамехь тоьшаллаш дан, таллам дIабахьа аьтто бан.

ГIиргIизойн исторехь уггаре дукха дуьйцучех ду ала тарлуш ду "Батукаевн дов". Полицин релизо бахарехь, 451 тептарх лаьтта бехктакхаман гIуллакх. Жоьпе ийзочу нахалахь ву президент лаьттина Атамбаев Алмазбек а, могашаллин министр Iийнарг а, шераш хьалха даккхий гIуллакхаш карахь лелла кхин а массех стаг а. Ткъа дов айдайтинарг ю Жогорку Кенеш – парламент.

Тоьшаллаш дала талламчашна тIе цаварна, президент Iийна Атамбаев Алмазбек лаца Iедало ерриг а полици а тIехь гIаттийра. Массех дийне делира иза лоцуш Кой-Ташехь иккхина тIематасадалар.

2013-чу шеран бIаьста, вон цамгар кхетта ву аьлла йолчу лоьрийн экспертизанна тIе а тевжаш, Нарын гIалин кхело мукъаваьккхира набахтера Батукаев Iазиз – ГIиргIазойчохь вина а, кхиина волу нохчо. Ша арахоьццушехь, кеманца Нохчийчу дIавахара Батукаев.

Иза харцонца мукъаваьккхина набахтера, аьлла гIара айира мехкан парламенто. Цкъа айдеш, тIаккха дIакъовлуш латтийра Батукаев набахтера араваккхарх долу дов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG