ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу дарбан цIийнан хьалха харцхьалелла Нохчийчуьра жимастаг лаьцна


Москварчу Склифосовскийн цIарахчу дарбан хIусаман (НИИ им. Склифосовского) медицинан сихаллин гIо кхачочу дозана чувуллучохь вевзашвоцучу стага шлагбаум кагйина аьлла, дIахьедина полицин декъерчу хьостано"Москва" хаамийн агенталле.

Хадархойн коьртачу хьаькамо арз дина хиллачу инцидентах полицига. Цо бахарехь, дахначу шинарин дийнахь НИИ-н кевнашка хIоттийна шлагбаум а бохош, кхеран белхан телефон а лачкъийна, къайлаваьлла хилла зуламхо.
Талламаш дIахьочу юкъанна Машаран проспектехь ницкъахоша лаьцна 33 шо долу Нохчийчуьра веана жимастаг. Цуьнгара схьаяьккхина лачкъийна хилла телефон. Хиллачух жамIаш а деш, бехкзуламан гIуллакх делларх дуьйцуш ду.

Москвахь "наркотикан а, психотропан а препараташ лелорна" лецначу кегийрхошца къамелаш дира дахначу кIиранах пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а.

Видео тIехь гойтуш бу, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а къепе йохийна кегийрхой (60 гергга стаг) Нохчийчу балийна, полисхошка а, муфтиятан векалшка а цаьрца профилактикан къамел дойтуш.

"Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш боху, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG