ЦIийнах хьоьвсинчу ГIалгIайчуьрчу Гӏажарий-Юьртан администрацин куьйгалхочо Гулиев Iабдусаламан шегара дарж дитина. Цуьнан метта депутаташа къобалвина Чакиев Осман, хаамбина муниципалитетерчу хьостано "Кавказский узел" агенталле.
ЦIеххьана кхайкхийначу кхеташонехь дийцаре даьккхина хилла керлачу юьртдех хаттар.
Гуливн цIийнах талламбаран бахьанаш дуьйцуш дац меттигерчу Iедалхоша. "Интерфаксо"бахарехь, хьарамлонаш лелорца доьзна дIабаьхьна полисхоша цуьнан кертахь барамаш.
"Фортнагас" байначу баттахь яздора, хьалхо зуламийн тобанашна дуьхьал къийсам латточу урхаллехь хьаькам лаьттина ву Гулиев Iабдусалам аьлла.