ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхой хиларна Къилбаседа Кавказехь бархI стаг вийна шаьш, боху Росгвардино


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Шо карадеачхьана Дечкен-баттара Мангал-батте кхаччалц йолчу заманчохь ницкъахоша террорхой бу аьлла, бархI стаг вийна Къилбаседа Кавказехь.
Иштта Росгвардин эскархоша дIахьедина, оцу билгалъяьккхинчу юкъанна террорхойн 31 инфраструктурин объект хIаллакъйина хиларх а, 2 эзар гергга тIеман гIирс а, 35 граната а, 632 мина а, 18 куьйгайина оккхуьйтург а, таллархойн герз а шаьш зеназа схьадаьккхина хиларх а.

"РБК Кавказ" портало бина иштта хаам, Росгвардин пресс-гIуллакхойн информацех пайдаэцна.

Шеран хьалхарчу эхашерачохь 28 зуламхойн тобан декъашхо а, церан агIончаш а лаьцнера шаьш, 240 сов стаг лехамашка велла ву, иштта, дуьненаюкъарчу лехамашка ваьккхина 8 стаг, федералан тептарехь ву 230 сов стаг а ву аьлла хаамехь.

Къилбаседа Кавказерчу тIеман дакъошна юкъабогIучу Росгвардин ницкъашца а, эскархойн а, полицин а дакъоша а, ФСБ-н белхахошца юкхахь стохка 26 радикалан тобанинй декъашхо вийра.

Байначу беттан 28-чохь Росгвардин эскархо Алиев Увайс вийра герзашца болчу наха тIелатар а дина ГIалгIайчохь. Наьсаран кIоштахь муьдш бу ца хуучу наха герзаш диттинера цуьнан машенна тIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG