ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масканаш йоцчу нахаца йохка-эцар леладахь, туьканаш дIакъовлур ю аьлла нохчийн Iедалхоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нагахь санна, масканаш а йоцуш, туьканчу оьхучу эцархошна хIума йохкахь, 30 эзар сом гIуданаш деттар ду аьлла, кхерамаш тесна Нохчийчуьрчу долахошна. "Полисхо Зелим" ву ша бохуш, цхьана жимачу стеган цIарах яржйина оцу дIахьедарца социалан машанашкахула аудио.

Хьалха гIуда тухур ду, шолгIа ледарло ялийтахь, туька дIакъовлур ю боху хаамбечо. Ерриг республикехь масканий раж чIагIъяр дIакхайкхийначу юкъаралан а, экономикан а кхерамзаллан кхеташонан секретарна Кадыров Хас-Мохьмадна тIетевжаш деш ду Зелима шен дIахьедар. Коронавирусан пандеми бахьана долуш детташ ду и дозанаш.

Кавказ.Реалиин Соьлж-ГIаларчу а, кхечу кIошташкарчу а хьосташа дийцина, хьаькамашкара дIахьедар йохкаран центрашка хIинцале а схьакхаьчна аьлла.

Оцу тIедилларца а догIуш, туькана чувогIучуьнга куьйгашна дезинфекци а йойтуш, масканаш лелош хиларна тIехь терго латтайо цара.

ТIаьххьарчу буса а, дийнахь а Нохчийчохь 8 стагаца къаьстина коронавирус. Пандеми яьржичхьана 2 122 ун даьлла стаг вара цигахь. И терахь луларчу мехкашкахьчул а лахара ду.

Эпидемица къийсам латточу оперативан штабан зерашца, ерриг а Къилбаседа Кавказехь 53 811 стагаца ун къаьстина. Ткъа Оьрсийчохь бу уьш - 871 894.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG