ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 дархо, цомгаш хилла 424 стаг


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь 9 дархо велла коронавирусах, кхин а 424 стагаца ун къаьстина.

Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу штабан информацица, Дагестанехь а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь шишша велла, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а цхьацца кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 1 035 пациент.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Краснодаран кIоштахь - 125:

Краснодаран кIоштахь̆ + 125 (8 946 ву эпидеми яьржичхьана)
Ставрополан махкахь + 116 (8 895)
ГIалмакхойчохь + 51 (2 839)
Дагестанехь + 42(9 517)
Адыгейхь + 26 (2 906)
ГIалгIайчохь + 22 (3 792) ​
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 14 (6 069)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 12 (4 507)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 8 (4 604)
Нохчийчохь +8 (2 122)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьллачийн тептарехь ву 53 811 стаг. Оьрсийчохь бу уьш, Оперативан штабан зерашца, 871 894 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG