Еарин суьйранна кхайкхийна хилла контртерроран операцин раж юхаяьккхина Несарахь а, Малгобекан кIоштарчу Соагӏапчехь а аьлла, хаам бина ГIалгIайчуьрчу оперативан штабо. "Коммерсанто" яздо цунах лаьцна. Къоман антитерроран комитето (НАК) дIахьедарехь, йоьдучу операцехь ши стаг вийна, цхьаъ лаьцна.
"Полисхошна дуьхьал герз детта буьйлабеллера зуламхой, дуьхьал тоьхна ши зуламхо вен ка яьлла, цхьаъ дIалаьцна", - аьлла, дийцина НАК-н векало.
Комитетехь чIагIдарца, тIемалой теракташ кечъеш хилла. Уьш дуьхь-духьал кхеттачохь карийна тIеман гIирс а, оьккхуьйтург а.
Буса итт сахьт даьллачул тIаьхьа дIайолийна операци пIераскан Iуьйранна 7 сахьт даллалц дIаяьхьна ю.