Къилбаседа Кавказан Федералан гонашкарчу Талламан комитетан коьртачу урхалло листина даьлла "Имарат Кавказа" организацин Наьсарарчу секторан эмирна Орцханов Тимурна (Малик) дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх. Оьрсийчоьнан Iедалхой лечкъаш хилла иза, стохка Германино дIавеллера. Цунна бехкаш дехкина къизаллица а, шогаллица а зуламаш лелорна: экстремистийн юкъараллехь латтар, талорхошца хилар, ницкъаллийн структурийн белхахошна а, эскархошна а тIелетарш дар, полисхошна кIелонаш ян Iамор, бахам хаа а хууш хIаллакбар, бакъо йоцуш герзаш лелор, иштта лоьлхуьйтурш шен куьйга кечъяр а.
Талламчийн версица, Умаров Доккас а, Тазиев Iелас а буьйралла дечу йоккхачу тобана юкъа догIучу гаранех дIакхетта хилла иза 2006-чу шарахь аьхка. 2010-чу шеран ГIадужу-баттера схьа дуьйна 2012-чу шеран гуьйрене кхаччалц ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа-ХIирийчоьнан а дозанаш тIехь Орцхановс а, цуьнан накъосташа а вийна ГIалгIайчоьнан орцан министраллан белхахо, тIелетарш дина оцу шина а махкахь чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан полисхошна, иштта, гIалгIайн Гӏажарий-Юьртахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан эскархойн коврана а. ХIетахь ялх бIаьхо вийра, кхин а ялханна чевнаш йира. Талламчашна хетарехь, Орцханов юкъахь волчу тобан Iалашо хилла тIейогIучу хенахь а Къилбаседа-ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а куп тоьхначу эскаршна тIелета.
"2012-чу шарахь дуьйна Орцханов Тимур шен доьзалца хьулвелла хилла юьхьанца Бельгехь, цул тIаьхьа Германехь а. 2019-чу шеран Зазадокху-беттан 14-чохь Германино Оьрсийчу депортаци йира ГIалгIайчоьнан вахархочунна а, цуьнан кхаа берана а. Къайлахчу сервисийн белхахоша Москвахь дIалецира иза", -аьлла, дийцина Кавказ.Реалиига полицин деккъехь.
Орцхановн хьокъехь толлучу гIуллакхна тIехула зенаш хилла ву аьлла, билгалваьлла 33 ницкъахо, эскархо, церан герагара нах а. ГIуллакх толлучу юкъанна лаца кхайкхийна ву кхин а 8 стаг.
Цул совнах, цу кепарчу зуламашна бехкевина, 2011-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц таIзарш а дина, набахтешкахь хенаш токхуш ву оцу юкъараллан 20 декъашхо. Бехктакхаман гIуллакх дIакъевлина 12-нна дуьхьал, уьш кхалхарца доьзна. Карарчу хенахь, жоьпалле ийзош ву Тазиев Iела а (Магас), Добриев Iела а.
Ша лаьцначул тIаьхьа Орцханов Тимура мукIарло дина Добриев Iелина, иза гIаттамхойн декъехь хилча санна. Стохка Магасехь митингехь полисхошца тийсадаларш хиллачул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан ницкъахоша лецира Добриев.
Германехь йиссинчу Орцхановн хIусамнанас лаьцначу адвокато Цороев Виситас латкъамбира стохка Охан-баттахь, БуьритIерчу талламан изоляторехь латточу Орцхановна тIе ца вуьту ша аьлла. Ткъа талламчаша дIахьедира, адвокатна дуьхьало а йина, гIуллакх толлуш шайна гIо деш ву иза аьлла.