ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь йоьдучу операцехь вийна вевзаш волу латархо Евлоев Муслим


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Еарин буса ГIалгIайчуьрчу Несарахь дIахьочу лерринчу операцехь вийна вевзаш волу маьршачу кепехь латархо, 25 шо долу Евлоев Муслим. Ницкъахойн версица, гIаттамхойн агIончаш лачкъийтина хилла цо хIусамехь.

Оьрсийчоьнан Къоман антитерроран комитето хаам барца, де хьалха полисхошка информаци кхаьчна хилла, терроран кепехь зуламаш дан кечлуш хилла уьш аьлла. Несарахь а, Малгобекан кIоштарчу Соагӏапчехь а, Московская, Борзоевн, Газгиевн, Пачиевн, Сергон, Насыр-Кортан а урамашкахь ГIалгIайчоьнан оперативан штабо контртерроран раж кхайкхийра еарин буса 22:25 хан яьллачу заманчохь. Къоман антитерроран комитето (НАК) дIахьедарехь, йоьдучу операцехь ши стаг вийна, цхьаъ лаьцна.

Маьршачу кепехь латархо вара Евлоев Муслим.
2015-чу шарера схьа дуьйна ГIиргIизойчоьнехьа леташ вара иза. 2018-чу шарахь Азин чемпионатехь толам баьккхира цо, цул хьалха туьйлира Бакухь хIоттийначу Исламиадехь а, Стамбулерчу дуьненаюкъарчу турнирехь а.

Кху беттан 5-чохь ГIалгIайчохь лецира, Росгвардин 32 шо долу эскархо Алиев Увайс герзаш диттина верца шеконаш кхоллаелла ши стаг. Лецнарш Бютукаев Асланан тобанера хила тарло бохуш, верси а ю лелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG