ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла 10 дархо, ун даьлла кхин а 421 стагана


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла итт дархо, вирус къаьстина кхин а 421 стагаца.

Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо динчу зерашца, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь кхелхина кхоккха стаг, Дагестанехь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а цхьацца велла.

ХIинцале а верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах хьалха ца ваьлла 1 045 дархо.

Краснодаран кIоштахь дукха бу, тIаьххьарчу статистикаца, цомгаш нах - 115:

Краснодаран махкахь + 115 (9 061 ву ун даьржичхьана)
Ставрополан кIоштахь + 104 (8 999)
ГIалмакхойчохь + 58 (2 897)
Дагестанехь + 48(9 565)
ГIалгIайчохь + 30 (3 822)
Адыгейхь + 24 (2 930)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 15 (6 084)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 10 (4 517)
Нохчийчохь +10 (2 132)
Къилбаседа ХIирийчохь + 7 (4 611)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даларца билгалваьккхина ву 54 232 стаг. Оперативан штабан пIераскан дийнахь довзийтинчу зерашца, Оьрсийчохь ву 877 135 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG