20-х сов шерашкахь лаьтта бухахь Iиллина шиъ кеман бомба яьккхина Веданан кIоштахь орцан министраллан белхахоша, яздо Грозный-Информ агенталло. Дахарна кхераме бомбанаш хааеллачу меттигерчу бахархоша даьккхинчу орцанца баьхкина хиллера говзанчаш, дийцина Нохчийчуьрчу орцан министраллехь. Мичча хенахь а эккхар йолуш, зене карийна лаьтта бухара яьхна бомбанаш. Меттигерчу орцанхошна гIоьнна баьхкинера, дуккха а шерашкахь зеделларг долу Донан орцанхойн центрера белхахой. Леринчу техникаца полигоне дIакхачийна, цигахь хIаллакбина боллу тIеман гIирс.