Цхьана шерачохь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хуьлу пайда хаъал алсамбаьлла. ПIераскан дийнахь шен официалан сайтехь цо зорбане яьккхинчу декларацица а догIуш, стохка Дечкен-беттан 1-чу дийнера ГIуран-беттан 31-чу дийне къаччалц лаьрча, 147 997 849,29 сом даьккхина цо. Оцу юкъанна, 2018-чу шарахь цунна тIедеанчу рицкъан барам 7, 78 миллион сом хилла. Тептарехь багар мел бина чу-ара ца баккхалун бахам Оьрсийчоьнан территори тIехь бу.
3668 йиъкIов метар лаьттан дакъа а, 2344,6 йиъкIов метар дакъа дIалаьцна цIа а, иштта кхин а 28 361 квадратан метар йолу лаьттан дакъа а ду Кадыровн долахь. ТIаьххьара объект стохкалерачу деклораци тIехь язйина яцара.
Нохчийн куьйгалхочун хIусамненах дерг аьлча, цуьнан цIартIехь болу бахам - 209,8 йиъкIов метар майда йолу цхьа петар ю. Бакъду, стохка 60 эзар соьмана бен пайда ца хиллехь а, кху шарахь рицкъ алсамдаьлла: 2 456 321,31 сом.
Деклараци тIехь билгалдаккхарца, КадыровгIеран долахь кхин а цхьа цIа ду - 300 йиъкIов метар майда дIалоцуш.
Байначу беттан 20-чохь Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш ехира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто. Санкцеш хьакхаелира цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, йоьIарех Iайшатех а, Каринех а.