ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакаев Зеламха вайна 3 шо кхечи


Вайна иллиалархо Бакаев Зеламха
Вайна иллиалархо Бакаев Зеламха

Кхо шо кхечи нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха Соьлжа-ГIалахь вайна.
Масех денна хьажа-хIотта да-нана долчу веана, Москвахь болх беш, вехаш волу Бакаев, тIепаза вайра 2017-чу шарахь Марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь.

Нохчийчуьрчу цхьана бакъонашларъярхочо къайлах «Кавказ.Реалии» порталца къамелехь аьллера, Бакаев лаьцна латторна бехке Кадыров Рамзанан администрацера лаккхара даржхо ву аьлла. Амма хууш дацара, муьлхачу бахьанашца къайлаваьккхина иллиалархо.

"Дэйли Шторм" хаамийн гIирсана мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана еллачу интервьюхь, бехкзуламан гIуллакх схьа а диллина, "са ма гатде", "лохуш ду" бохуш, кIентан гергарчу нахана кхелан системехь болучара дегайохо а латтош, "декхарех ведда", "ша шена пиар еш ву", "кеста гучувер ву" кхечу декъо а бохуш, латтийначу Бакаев Зеламхан кхолламех шолгIа дIахьедар дира. Я ша а, я ницкъаллийн структурийн белхахой а юкъара бац бохура цо, кIант варна. Цуьнах бакъдерг БакаевгIеран доьзалехь лаха деза бохура цо.

"Цуьнан дена а, шичойшна а ма хаьа дерриг а ма-дарра, хIунда ца хоуьйтуш ду кIентан нене, цуьнах хIунда хьулдина? Шайн доьзалехь цакхетамаш, прооблемаш ю церан… Нагахь цхьа доьхнарг а дина, наркоман цIера веддехь, хIун бехк бу сан а, махкарчу Iедалан а?", - бохуш, хеттаршка вуьйлура хIетахь мехкан куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG