ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь 8 дархо велла коронавирусан уьнах, цомгаш хилла кхин а 441 стаг


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а бархI дархо велла коронавирусан уьнах Къилбаседа Кавказехь, цомгаш хилла 441 стаг.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу штабо бинчу хаамца, Краснодаран а, Ставрополан а, Дагестанан а мехкашкахь велла шишша дархо, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а цхьацца пациент кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь эпидеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 1053 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь - 137 стаг:

Ставрополан кIоштӑхь + 137 (9 136 ву ун даьржичхьана) ​
Краснодаран махкахь̆ + 112 (9 173)​
ГIалмакхойчохь + 55 (2 952)​
Дагестанехь + 48(9 613)​
ГIалгIайчохь+ 25 (3 847)​
Адыгейхь + 25 (2 955)​
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 14 (6 098)​
Кхарачой-Чергазийчохь+ 10 (4 527)​
Нохчийчохь +8 (2 140)​
Къилбаседа ХIирийчохь+ 7 (4 618)

COVID-19 вирус хьакхаелла ву аьлла, Къилбаседа Кавказехь тептаре ваьккхина 54 673 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь, шоьтан информацица, 882 347 вахархо ву коронавирусан уьнца.

Ставрополан мохк хьалхара бу ун даьлла нах дукха хиларца. Кхул а хьалха эшна хьал дара Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG