Санкт-Петербургерчу хаамийн гIирсаша яздо, шоьтан буса Конюшеннан майданахь миграцин белхахоша рогIера кехаташ толлучу юкъанна, Нохчийчуьрчу жимчу стага цхьахйолчу белхахочун пхьаьрс чуьрабаьккхина хиларх. 36 шо долчу миграцин векало кехаташ гайта аьлла, шега дехар дича, цуьнан пхьаьрс хьовзийна хиллера Нохчийчуьрчу 21 шо долчу кIанта. Полисхоша дIалаьцна зуламхо, лоьрийн гIо кхаьчначул тIаьхьа, могушаллина кхин даккхий зенаш хилла цахиларна, миграцин хIукматан белхахо шен балха араяьлла. Административан протокол хIоттийна низамаш дохийначу Нохчийчуьрчу вахархочунна. Ткъа чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан миграцин хьукмат латкъамбан хьийза, цунна тIе гIуда дожош.
Карарчу беттан 4-чохь, Москвахь харцахьалелла кегийрхой даймахка а балийна, цаьрца профилактикан къамелаш дира пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а. Интернетехь яржийначу видео тIехь гойтуш бу, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а къепе йохийна кегийрхой (60 гергга стаг) Нохчийчу балийна, полисхошка а, муфтиятан векалшка а цаьрца къамел дойтуш, юьхьяхарца.
"Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш боху, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур бу.