ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхойн хаамаш: Белоруссерчу акцешкахь 140 стаг лаьцна


Belarus -- Protest in Minsk, clashes with police / Demonstrators and riot police during a protest after polls closed in Belarusian presidential election, in Minsk on August 9,
Belarus -- Protest in Minsk, clashes with police / Demonstrators and riot police during a protest after polls closed in Belarusian presidential election, in Minsk on August 9,

Президентан харжамийн каппаш дIакъевлича довзийта долийначу харжамийн жамIашна резабоцу нах гуламашка бийла боьлла Беларуссехь

Белоруссера президентан харжамаш чекхбовлучу кIирандийнан сарахь хIиттинчу протестан гуламашкара милицино лаьцна лаххара а 140 стаг. Оцу хьокъехь Фейсбукехула хаам баржийна "БIаьсте" центрерчу бакъоларъярхоша.

Цаьргара йолчу информацица, кхин а дукха хила тарло лецначу нехан барам. Протестхой а, милици а дуьхь-дуьхьал лаьттина яхначу буса 3 сахьт даллалц.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло ца хоуьйту билггал маса стаг ву лаьцна, амма даредо ша демонстранташ дIасалохкуш хидетта гIирс а, татадоккху гранаташ а, резаьнкин даьндаргаш а юкъаяьхна хиларх.

Гуламера яьржинчу видео чохь гуш ду протестхойх цхьана декъанна чевнаш хиллийла. ТАСС агенталле "БIаьсте" центран Валентин цIе йолчу векала бинчу хаамца, милицин автозако хьаьшна велла цхьа стаг, кхоъ лазийна. Амма веллачун хьокъехь ТАСС агенталле ца кхаьчна милицера официалан информаци.

Гуламерчу цхьана стеган коган кIажа баьккхина иккхинчу гранато.

Билггал маса стаг лазийна Минскерчу протестан акцехь цкъачунна хаийтина дац. Могашаллин министралло тIаьхьо довзийта тарло терахьаш, делахь а шахьарарчу орцан медицинан центре буса дIасалеллачу машенийн дукхалла лерича, алссам бу лазийнарш, яздо Би-Би-Си корпорацино.

Протестхой гулбеллачу муьрехь Минскан центрехь дIаяьккхинера телефонан зIе, ешалуш яцара пачхьалкхерчу коьртачу хаамийн гIирсийн, Iедалан урхаллийн сайташ.

Белоруссин Талламан комитето бехктакхаман девнаш айдина къепедацарш гIитторна а, милицина зенаш дарна а дуьхьал. Протест айинчу жигархошна кхерам бу 15 шаре кхаччалц набахтин хенаш тохарна, хаам бина Талламан комитетан куьйгалхочо Носкевич Ивана.

Минск, Брест, Гродно, кхечу гIаланийн бахархой протестан гуламашка баьхна карарчу хенахь президент волу Лукашенко Александр тоьлла гойту жамIаша, аьлла, харжамийн комиссеша бинчу хаамаша.

Официалан экзитполаша бахарехь, Лукашенко Александрна кхаьжна дIабелла 80% харжамхоша, ткъа цуьнца къовсаеллачу Тихановская Светланина – 7% гергга. Амма жамIаш харц гойту, Тихановская, масала, еккъа цхьана Минскехь тоьлла 20 сов каппашкахь, Лукашенко дуккха а тIаьхьа а вуьтуш, чIагIдо Тихановскаян харжамийн штабо.

Акцийн декъашхоша чIагIдо, экзитполаш а, Белоруссин Харжамийн Клмиссино гойту жамIаш а харц ду, бохуш.

Харжамаш бирзина лору, официало бахарехь, дакъалаьцна барамехь 84% харжамхоша. Официалехь харжамийн жамIаш довзуьйтур ду тахана, Марсхьокху-беттан 10-чохь.

26 шо ду Лукашенко Александр Белоруссин президентан даржехь волу. Харжамийн дийнахь иза ца ваьлла нахана юкъа, кхаж таса вахча, къамел дина журналисташца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG