ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларуссин Харжамийн коьрта комисси: Лукашенко - 80, Тихановская - 10


Марсхьокху-беттан 9-хь хилачу Беларуссин президентан харжамашкахь карарчу хенахь цу даржехь волчу Лукашенко Александра гулбеш бу 80 процент харжамхойн кхаьжнаш, цуьнан коьрта дуьхьаланчо – Тихановская Светланас – 10-х процент. Цунах лаьцна яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Харжамийн хьалххе долу жамIаш довзийтина оршотан Iуьйранна Беларуссин Харжамийн коьртачу комиссин гIантдас Ермошина Лидияс. Кхаж тосуш дакъалаьцначу нехан терахь ду 84 сов процент. Массо а кандидаташна дуьхьал кхаж тесна 6 процент Беларуссин харжамхоша. Зорбан конференцехь Ермошинас билгалдаккхарехь, хьалххе дIакхайкхийна долу жамIаш хийцалахь тамаш бу.

КIиранан дийнахь Беларуссин Iедалан официалан экзитполийн (кхаж тесна араваьллачо бина хаам тидаме оьцуш бина таллам) сайто дIакхайкхийра, 79,7 процент кхаьжнаш а гулдеш толам баьккхина хиларх лаьцна Лукашенкос, оццу сайто бинчу хаамца, Тихоновская Светланехьа кхаьжнаш тесна 7 гергга процент харжамашкахь дакъалаьцначара. Коьртачу комиссино иштта чIагIдора, дIачIаьгIначу харжамийн дакъошкахь Лукашенкон кхаьжнаш дIаделла хиларх лаьцна 80 процент харжамхоша.

Оппозицино вовшахтоьхна, нисса бIостанехьа жамI гайтина долу альтернативан кхьажнаш дагардар – 80 процент кхаьжнаш дIаделла харжамхоша Тихоновскаяна. Телеграм-каналашкахь а, твиттерехь а сурташ гучудевлира тайпп-тайпанчу гIаланашкахь харжамийн каппашкахь Тихоновская хьалхаяьлла хилар гойтуш протоколийн даьхна суьрташ.

Тихановскаян штабо йовзийтина Минскан тайп-тайпанчу кIошташкара лаххара 20 харжамийн куп, официалан протоколашца а догIуш, иза дуккха хаьлха а яьлла тоьлла хилар гойтуш.

Харжамийн каппаш дIачIаьгIначул тIаьхьа Минскехь а, Беларуссин кхечу гIаланашкахь а юьйлаелира ша-шаха дуьхьалонан акцеш. Церан декъашхошна хетарехь, экзитполан жамIаш – ткъа иштта Беларуссин Харжамийн коьртачу комиссино хьалххе дIакхайкхийна жамIаш – харцхьадаьхна ду. Демонстранташ дIасалохкуш милицино пайда ийцира хи туху машенех а, ризянки дендаргех а, кхиболчу а лерринчу гIирсах а.

Адамийн бакъонаш ларъярхоша хаамаш бо, адамашна тIе автозак а тоьхна, цхьа стаг вийна хиларх лаьцна. "БIаьсте" (Весна) цIе йолчу бакъонашларъярхойн центро бинчу хаамца, Iедалша дIалаьцна лаххара 140 дуьхьалонан акцийн декъашхо. Беларуссин Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх схьадиллина дуккха адамаша дакъалоуш къепедацарш лелор а, милицина ницкъ бар а бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG