50 гергга стагана молучу хих чоьнан ун даьлла Дагестанерчу Дербентан кIоштарчу Геджух юьртахь.
Цомгушчех 39 бер ду.
"Пациентийн могашалла дика яц. Виъ стаг Дербентерчу гIалин дарбан цIийне кхачийна. Бисинчаьрга амбулатори ю хьожуш", - хаам бо Могашаллин министраллин пресс-векалто.
Медикаш толлуш бу ун даржаран бахьана, молчу хих даьлла хила тарло иза, боху цара.
Лазар эккхарца доьзна зераш деш ю Дагестанера Талламан комитетан урхалла.
- Кхушеран Iай чоьнан ун даьржира Дагестанерчу ГIизларахь. ХIетахь дарбан хIусамашка виллира 193 вахархо, бераш дара царех 103. Бахьана карийра Черемушки олучу микрокIоштарчу молучу хица.
- Хьалхо Нохчийчуьрчу Ишхой-Юьртахь оццу цамгаро лецира 13 стаг. Бахьана дара молучу хи ун кхеттар.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?