ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

4 стаг велла уьнах, 387 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 4 стаг кхелхина коронавирусах, кхин а 387 цомгуш хилла.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкарчу дарбан х1усамашкахь велла 2 стаг, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а – цхьацца. Падемин муьрехь верриг а коронавирусах официалехь велларг ву Къилбаседа Кавказехь 1063 вахархо.

Дийнахь-бусий, юхьанца дуьйна схьай беллачийн терахьаш иштта ду:

  • Ставропол-мохк +125 (9388)​
  • Краснодар-мохк + 97 (9375)​
  • Дагестан +49 (9714)​
  • ГIалмакхойчоь +42 (3047)​
  • Адыгей +20 (2995)​
  • ГIалгIайчоь +16 (3885)​
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +15 (6127)​
  • Кхарачой-Чергазийчоь +12 (4551)​
  • Къилбаседа ХIирийчоь +6 (4630)
  • Нохчийчоь +5 (2152)​

Официалехь Къилбаседа Кавказехь коронавиусах цомгух хилла лору 55478 стаг, ерриг а Оьрсийчохь - 892 654.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG