ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаъ эцарна юьртан депутат лаьцна Нохчийчохь


ФСБ-но (къайлахчу сервисо) Нохчийчуьрчу Шелковскан кIоштан Харьковское юьртан депутат Оздамиров Элашби лаьцна кхаъ эцарна.

Талламан комитетан махкарчу урхалло дов айдина Оздамировна дуьхьал бехктакхаман кодексан 291-чу декъехь ("даржахочунна низамехь доцу гIуллакх дарна кхаъ балар").

Карарчу муьрехь таллам бу дIахьош, хаам бо махкарчу ФСБ-н урхалло.

  • Кхушеран Iай бехктакхаман дов гIаттийра Ставропол-махкарчу Минеральные Воды гIалин кхелехь болх бинчу Кайшев Николайна дуьхьал. Талламо бахарехь, цхьана стагера 50 эзар сом кхаъ бехнера Кайшевс, ца лахь, цунна Iедало тоьхначу гIуданна (хеннахь иза дIа ца даларна) тIекхета барам 20 эзар соьме кхачо кхерам а тосуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG