ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан мехкашкахь лакхара ю белхазалла


Оьрсийчоьнан мехкашлахь болх каро уггаре хала меттигаш ю ГIалгIайчоь, Нохчийчоь, Дагестан, Къилбаседа ХIирийчоь, Тыва. Иштта хаам бо РБК агенталло, дуьненаюкъарчу аудитан-консалтинган FinExpertiza тобан информацина тIе а тевжаш.

Оьрсийчоьнан статистикан Росстат урхаллин терахьаша дийцарехь, Зазадоккху-баттахь 4,7% хилла Оьрсийчохь белхазалла (аьлча а, болх боцуш Iийна 3,5 миллион вахархо). Охан-баттахь белхазалла кхаьчна 5,8 проценте (4,3 миллон стаг).

Ши бутт хьалха хилла белхазалла 6,2% (4,6 млн. стаг).

  • Хьалхо Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедало хаам баржийра, пандеми бахьанехь шайн махкахь белхазалла цкъа а ца хиллачу барамашка яьлла, аьлла. 20 эзар сов стаг вара хIетахь цигарчу белхан урхаллехула къахьега меттиг лохуш. Белхазаллин барам бу Къилбаседа ХIирийчохь 6,9%.
  • 61 эзар стага болх бехна шайна белхан центрашка ГIебарта-Балкхаройчохь.
  • Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а ю уггаре йоккха белхан къоьлла билгалъяьллачу Оьрсийчоьнан регионийн хьалханчашлахь. Амма оцу шина регионехь белхан меттигаш массанхьачул а сиха нисло наханна, боху статисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG