ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказан регионаш ю Оьрсийчоьнан "терроризман рейтинган" лидершлахь


Оьрсийчохь 2020-чу шеран хьалхарчу декъехь дина 1183 терроризман могIарара зуламаш. Стохкалерчу оццу хенаца дуьстича, уьш алсамделла 210-нна. Уггаре дукха билгалдевлла и зуламаш Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Нохчийчохь. Иштта ю, Инарла прокуратурина тIе а тевжаш, "Интерфаксо" йовзуьйту статистика.

Кхушара и тайпа зулам билгалдевлла Оьрсийчохь 362-зза.

Инарла прокуратуро бахарехь, оцу кепарчу зуламашлахь массарел дукха ду низамехь йоцу тIеман гIера кхолларна а (322), иштачу гIеранашкахь дакъалацарна а (350) дуьхьал гIиттийна бехктакхаман гIуллакхаш.

  • Карара бутт болалуш Росгвардино дIахьедира, ша кхушеран хьалхарчу ялх баттахь Къилбаседа Кавказехь 8 террорхо вийна, аьлла. Бохура, оццу муьрехь ша хIаллакйина террорхойн инфраструктурин 31 объект а, 2 эзар хIоъ, патармаш, 27 авиагерз, 35 граната, 632 мина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG