ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 9 вахархо, цомгуш хилла – 333


Къилбаседа Кавказан мехкашкахь дийнахь-буса 9 стаг велла коронавирусах, ун кхеттарца билгалваьлла кхин а 333.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо бечу хаамца, уьнах дарбан хIусамашкахь кхоккха стаг кхелхина Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а, ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Краснодар-махкахь – цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лоруш ву 1072 вахархо.

Дийнахь-буса а, пандеми яьржичхьана а цомгуш хилла:

  • Ставропол-мохк +111 (9499)
  • Краснодар-мохк + 90 (9465)
  • Дагестан +49 (9763)
  • Адыгей +21 (3016)
  • ГIалгIайчоь +19 (3904)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +16 (6143)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +11 (4562)
  • Нохчийчоь +6 (2158)
  • Къилшбаседа ХIирийчоь +5 (4635)​
  • ГIалмакхойчоь +5 (3052)​

Къилбаседа Кавказехь пандемин беттанашкахь цомгуш хилла, оперативан штабан хаамашца, 55 811 стаг. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь кхаьчна 897 599 т1е.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG