ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Словакино махкахбохуш бу Хангошвили вуьйш дакъалаьцна хила тарлуш болу Оьрсийчоьнан дипломаташ


Хангошвили Зеламха
Хангошвили Зеламха

Гуьржийчуьра схьаваьлла нохчо Хангошвили Зеламха 2019 шарахь Германехь вуьйш дакъалаьцна хиларх йолчу шеконца Словакино махкахваьккха сацам бина Оьрсийчоьнан кхо дипломат.

Цуьнца доьзна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан векала Ортагус Моргана Твиттерехь билгалдаьккхина, и сацам нийса бу, цо гойту Братислава "я шен лаьтта тIехь а, я Европехь а лан лерина йоцийла Оьрсийчоьно политикан буха тIехь ден зуламаш", аьлла. Ортагусан дIахьедар тидаме эцнарг ю РБК агенталла.

Марсхьокху-беттан 13-чу дийнале Словакера аравала декхаре ву Оьрсийчоьнан кхо дипломат. И нах къайлахчу сервисашна болхбеш хилар гучудаьлла, хаам баржийра Словакерчу Acktuality портало оршоьтан дийнахь. Москвано хаам бина, ша гIулчаш йохур ю Братиславехь бинчу сацамна дуьхьал, аьлла.

  • Хангошвили Зеламха герз тоьхна вийра стохка Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь Берлинехь. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.
  • Оьрсийчоьно тIе ца оьцу ша Хангошвили вейтина хилар. "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, аьлла президента Путин Владимира. Карарчу хенахь Германино толлуш ду Хангошвили вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG