ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсон ваша Мухьаммад хилла вац даIишхошкахьа, боху Германерчу кхелан сацамо


Абдурахманов Мухьаммад
Абдурахманов Мухьаммад

Видеона репост ярна а, Deutsche Welle газетера хаам шен фейсбук-аккаунте хIотторна а бехкевеш хилла нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин Германера векал Абдурахманов Мухьаммад (вевзаш волчу блогеран Абдурахманов Тумсон ваша) хIуманна а бехке вац, аьлла, сацам бина Аугсбург гIалин кхело.

Иштта хаам бина Кавказ.Реалиига ша Абдурахмановс. Йийцрейийраш яра Израилехь эскархоша шайна дуьхьал оьккху шиша ласторна беранна тIе жIаьла лоьллуш яьккхина ши видео а, Deutsche Welle газето арахецна "Стенгара долу герз ДАIИШ-ан тIемалошна" цIе йолу хаам а. Абдурахмановс, ша и материалаш шен Фейсбук-агIонтIе хIиттош, яздина хиллера: "Ца хаьа, хьан, хIун, стенга кхоьхьуьйту, амма суьрта тIехь ерш Калашниковн автоматаш-м ю", аьлла.

"Кхелахо а, прокурор а ас цхьа а зулам дина дац бохучу тIехь вара. Deutsche Welle хаамца цхьа а ант дац террористал къобалбо ала, цу тIе, къаьсташ а яц суьрта тIехь ас гойтуш ю баьхна ДАIИШ-ан байракх", - дийцира Абдурахмановс.

Бехкеварца доьзна а, кхелашка лелаш а дайиъина ахча пачхьалкхо меттахIоттор ду бакъоларъярхочунна.

  • Дуьйцу зулам дина аьлла, 1350 евро гIуда тоьхнера Абдурахмановна хьалхо иза вехачу къоштарчу кхело. Иза харцо ю, мухIажире IаIалур дац оццул ахча, чIагIдора цо. Цул сов, цIера гаджеташ а, флешкартанаш а даьхнера цуьнгара Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG