ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс коронавирус кхетта воцчунна ца магадо лоьрашка орца деха


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бина махкахошка, коронавирусца йоьзна йоцу цамгар бахьанехь телефонехула лоьраш цIа ма беха, аьлла. Цо бахарехь, "иштачу наха шайн могашалла кхерамна кIел юьгу".

"Деха лаьа бахархошка, хьолах пайдаэца ма гIерта, хIунда аьлча, кхайкхинчу 100-ннах 30% коронавирус шайх хьакхаелла ца хуьлу. Кхойкху маьхза шаьш лоьрашка зейта. Оцо халчу хьоле боккху ишта а хала бохкучу лоьрийн болх", - аьлла Кадыровс, яздо "Чечня сегодня" портало.

Шен кхайкхам мехкан куьйгалхочо бина уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан кхеташонехь.

  • Оперативан штабан статистикаца, Нохчийчохь коронавирусах цомгуш хилла 2158 стаг, велла цунах 35 вахархо.

Кху беттан юьххьехь Нохчийчохь шайгдина карантинан хьелаш, масала совдегаршна 30 эзар соьмашна гIуда тухур ду аьлла, туьканаш чохь нах масканаш а йоцуш нислахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG