Москварчу кхело лаца кхачийна, низам а талхош, пачхьалкхан къайленна тIаьхьакхиарна Петербургера видеоблогер Пыж Андрей (YouTube-хь 780 эзар хьажархо волу иза вевза ”Андрей МШ” цIарцIа). Хаам баржийнарг ю “Открытые медиа” портал.
35 шо долчу Пыжа видеорепортажаш йохура индустрин, транспортан бахамашкахь, пачхьалкхо тесна йитинарш а хуьлура царалахь. Шен сюжеташкахь иза нислора 90-чу шераш йина йина яккхаза йитинчу Нижний Новгородерчу зарратан станцехь, Москварчу, Петербулгерчу метрон къевлинчу зонашкахь, Чернобылехь, иштта кхечу объекташкахь.
Стохка иза хилира, цуьнан блого бахарехь, Мурманск-махкарчу радиолокацин Днестр-М станцехь – Оьрсийчоьнна ракеташца тIелатарх орца доккху система ю иза.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!