ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан лаьмнашкарчу ярташкахь коронавирус эшорах. Эвларчу лоьран дийцар


Дагестанерчу Хуна цIе йолчу эвлахь фельдшеран-акушеран пунктан (ФАП) куьйгалхочух ю Гасанова Аидех лаьцна, яздо "Настоящее Время" телеканало. Цо доладеш ю вархI лаьмнашкара эвла. Шен "Нива" машенахь кхочу иза оцу ярташка.

Дийнахь а, буса а болх бечу Аидина коронавирусан ун даьллера, хала текхира цо лазар, хIетте а, юха а шен балха араяьлла иза.

"Бакъдерг дийцича, медик хила аьттехьа а дагахь яцара со. Махачакалахь 16-чу школехь 10 класс чекхъяьккхира ас, университетан экономикан факультете деша яха лаам бара сан. Ненан со цхьаъ бен яцара, юха а ойла йира охашиммо, пхеа шарахь университетехь ас доьшучу хенахь, нана ша хир ю-кх аьлла, - дагалоьцу Аидас. - Ткъа юккъера доьшийла шина шарахь а, итт баттахь а чекхйоккху. Цу тIе, экономист - юьртахь бан таро йолу болх ма бац. Иштта ойла а йина, лоьрийн доьшийле яхара со. Делахь а, хIинца йоккхайоь со сайн балхах".

Шен белхан накъосташца цхьана лекхачу лаьмнашкарчу бархI юьртарчу бахархойн хьашташ кхочушдо Аидас.

Шийтта шо хьалха ""Жигули олу машен ийцира цо, юха паргIат ламанийн некъаш тIехула дIасалела "Нива" машен ийцира. Тоххара-м гIаш лела дезара цуьнан, буьйсаанна гIо эшначунна тIейоьдуш шен цIийндега дIакхетаяр а доьхуш.

Массеран а аьлча санна, шен пациентийн диагнозаш евза цунна: "Вехаш а, дIаязвина а 576 стаг ву тхан. Ткъа хIинца, аьхкенца, дуккха а нах бу тIебаьхкина. Царах 250 стаг даим а кхузарчу бархI эвлахь вехаш ву. Аьхка дукха нах хуьлу, 700 гергга - садаIа цхьана ханна догIу бераш а, баккхийнаш а".

Ярташкахь бан белхаш бац, цундела кегийрхой гIаланашка дIаоьху, дукхахберш юьртабахамехь къахьега дезаш хуьлу.
Дукха хьолахь цуьнца доьзна хуьлу кхунна тIеоьхучу пациентийн латкъамаш а: "Доккхачу декъанна, цIийн таIам совбаьлла хуьлу, йа аллерги хуьлу, йа стим Iеттош хуьлу, фурункулаш, я кегйина, чуьрайилина меженаш нисло".

30 сов шо ду Аида ФАП-ехь болх беш йолу. Оцу заманчохь коронавирусан пандемин хьесапехь хьал гина дацара цунна.

"100 процентана тешна дара, тхо долчу иза кхочур яц аьлла. Юьхьанца коьртачу лоьро схьагулдира тхо кхеташоне. Хьал иштта а ду, массо а хIумана шу кийча хила а деза элира цо. Оха информаци дIакхачийра цуьнга, тхайгахь чумах Iалашвен мел барзакъ ду хоуьйтуш. Парацетамол а йийкъира тхуна. Коьртачу лоьро элира, шайн чоьтах тIеюха бедар эца шайна, вирусах лардала. ТIаьхьо аша чекаш схьаелчхьана, шаьш мах дIалур бу аьлла. 50 метар киса делира тхуна, шайна масканаш а тега аьлла. Тхуна ца хаьара, хьал оццул тиша хир дуйла", - дагалоьцу Аидас.

Дуьххьара ун даьлла нах гучубевлча, Аида кхийтира, юьртан некъаш дехка деза аьлла. Юьртдега дехар дира цо.

"Юьртдеца хиллачу къамелехь ас дIахьедира, чуй-арий хехкалуш машенаш ю, цо сан са дуу аьлла. Пост хIоттон ойла хилира тхан. Дийнахь шозза хаамаш дIакхачабора оха, чубогIучу а, дIаоьхучу а нахах а, дагарш лаьттачех а", - дуьйцу Аидас.

СадаIа йиш а йоцуш, къахьега дезара. ХIора денна шен накъосташца цхьана ярташкарчу хIусамех чекхйолура Аида: "Цхьа хьере график яра тхан. ЦIа доьлху тхо, телефон туху: кхуза дуьйла олий. 24 сахьтехь девдда лелара тхо".

Оцу хьелашкахь болх бечу Аидех а къаьстира коронавирус.

"ГIалара еаенера цхьаъ, цIийн Iаткъам лакхара бу шен бохура цо. ТIаккха тхо дахара иза йолчу. ДIа ладоьгIча иза хиллера са а ца даIалуш. Махачкалахь итт дийнахь цомгаш Iиллина хиллера иза. Иштта ун даьллера суна цуьнгара. Иза йолчу чубахана нах а бара. Юьртахь ма-хиллара, цхьаъ веача, ахь мел дукха бага леяхь а, шайна хеттарг до-кх. Наха тIе ца дуьту, аьхь мел дукха ларло бахарх а, - дуьйцу Аидас. - Массаьрга а телефонехула хаамаш дIасакхехьийтира ас, дехарш дора: чуьра ара ма довлахьара бохуш. Ас девнаш дохушшехь, иза еана хиллера-кх.

ХIинца кIоштахь хьал мел а лахделла, цхьана эшшарехь ду. Ханна некъа тIехь хIоттийна хилла пост а дIаяьккхина, юьртара нах мел а меттабогIуш бу: "КIоштахь белла нах дукха бацара, Дела къинхетамца. Шайн дегIаца кхечу кепара а лазарш хилла нах бу-кх дукха хьолахь белларш".

Кхин а цхьана пхеа шарахь мукъна а болх бан лууш ю Аида. Шен метта дIахIоттон стаг а воцуш ФАП йита дагахь яц иза. Цундела сатуьйсу цо, ша хийца хьакъболу нах бахкаре юьрта.

"Сан коьрта принцип муха ю хьуна аьлча, ас дийриг дукха деза суна, сайн дика жамIаш хила а лаьа суна. Цхьанхьа яхана, ас гIо кхачадахь, тIаьхьо сайга телефон а тоьхна: "Со гIолехь ву" аьлча, тов суна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG