ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанашкахь вон хьехочу куьйгалхойн могIарахь лидершна юкъахь ву Кадыров


Оьрсийчуьра губернаторш социалан машанашкахь вон хьехор толлуш хIоттийначу антирейтинган топ-10 декъа кхаьчна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кхушеран Товбеца-баттахь. Наха цIерш вон яхарца хьалхаваьллачу итт губернаторна юкъахь Къилбаседа Кавказерчу мехкийн куьйгалхойх иза цхьаъ бен а вац.

Рейтинг хIоттийнарш бу Политикан конъюнктурин центран эксперташ. Таллам дIахьош цара зийна хьал 8 платформица, яздо "Актуальные комментарии" портало.

Дикачу агIор хьехор къастош динчу жамIехь 84-гIа ву Кадыров, цул лахахь вац цхьа губернатор бен – протесташкахь бехачу Хабаровск-махка хIинцца хьажийна волу Дегтяроев Михаил. Оцу платформин рейтингехь 77-чу меттехь ву Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо Термезов Рашид. Цул лакхахьо лаьтта дика хьехорца ГIалгIайчуьра Калиматов Махьмуд-Iела – 75-гIа меттехь. Кавказан мехкийн куьйгалхойх наха лакхара мах хадош ву Къилбаседа ХIирийчоьнан лидер Битаров Вячеслав – 4-чу меттехь ву иза Оьрсийчуьрчу 85 губернаторшлахь. Амма массарел а хьалхаваьлла Васильев Владимир (Дагестан) – цунна кхаьчна 3-гIа меттиг.

Социалан машанашкахь вон вийцарца губернаторшлахь 7-гIаниг ву Кадыров Рамзана. Оьрсийчуьрчу губернаторшна наха йинчу массо а негативан комментарех шенна кхаьчна цунна 13%. Оцу рейтингехь 16-чу меттехь ву Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо. Кранодар мехкан коьрта хьаькам – 23-гIаниг. Оьрсийчоьнан губернаторшлахь маасерал кIезиг критика йинарг ву Адыгейн куьйгалхо – 85-гIа меттиг.

Товбеца-баттахь социалан машанашкахь 1,9 миллионе кхоччуш хаам битина наха губернаторех лаьцна, билгалдоккху Политикан конъюнктурин центрерчу талламчаша.

Губернаторш хьехор иштта ду социалан машанашках: "Одноклассники" – 27%, "ВКонтакте" – 26%, Facebook - 18%, Twitter - 13%, Instagram - 7%, Telegram - 6%, YouTube - 2%, "Мир тесен" - 1%.

Бахначу баттахь Нохчийчуьра бюджетхой, ницкъаллин урхаллера белхахой а цхьаьна, декхаребира социалан машанашкахь мехкан лакхарчу куьйгалхой хестош комментареш язъян.

  • Товбеца-беттан 8-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьаькамашна тIедожийра "экстремизман а, Малхбузерчу мехаллийн а идеологашна" дуьхьал бен болх чIагIбар. И агIо тергонехь латто декхаревира информацин а, зорбан а министр Дудаев Ахьмад.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG