ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Помпео: Оьрсийчоьне дешан паргIато Iалашъяйта гIерта Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан секретарь Помпео Майк Чехехь, Марсхьокху-бутт, 12, 2020
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан секретарь Помпео Майк Чехехь, Марсхьокху-бутт, 12, 2020

Оьрсийчоьно "арахьарчу агентех" долу низам чIагIдеш йоху гIулчаш леррина тергалйо Вашингтонехь, оцу низамца бен хийцамаш емал а беш, дIахьедина Пачхьалкхан секретара Помпео Майка.

"Оха дуккха а санкцеш йиттина Оьрсийчоьнна, цо деш лаьттачу кхечу вон гIуллакхашна дуьхьал, догдоху кхечу пачхьалкхаша тхаьшкара масал эцаре а. Тхоьца цхьаьна хир ю аьлла хета дешан маршо шайна еза лору, бозуш боцчу репортераша мел хала хаттар лидершка делча а, цаьргахь шайн болх бан бакъо хила езар къобалдеш йолу кхин пачхьалкхаш а. Тхо теша тхайга баккъал а ларбайталур бу [Кремле] нийса некъ, хаийталур ду нийсо прессин маршо цахьешарца юйла бохучух", - аьлла Пампеос ша Марсхьокху-беттан 12-чу дийнахь Прагехь Радио Маьрша Европа/Маршо Радиона еллачу интервьюхь.

Иштта ду, Америке хIун далур ду медиакорпорацеш Радио Маьрша Европа/Маршо Радио а, "Американ Аз" а Оьрсийчохь болх беш йийсийта, аьлла, динчу хаттарна Помпеос делла жоп.

"Оцу тIехь тхо болх беш ду, кхидIа а бийр бу тхайн партнерашца а, Радио Маьрша Европа/Маршо Радион белхахошца а цхьаьна, оха доьхург дерриг а цхьаъ ду – бакъйолу, цIена, тешаме, шен хеннахь йовзуьйтуш йолу информаци Оьрсийчоьнан а, кхечу мехкийн а бахархошка дIакхачо некъ битар", - элира Американ Штатийн арахьарчу политикан урхаллин куьйгалхочо.

Информацин технологешна тI ехьожучу Роскомнадзоро низаман проект зорбане яьккхина Оьрсийчоьнан Федералан нормативан бакъонийн актийн проектийн порталехь кху шеран Товбеца-баттахь.

Журналистийн материал кхоьллина а, яржош а ю "арахьарчу агенто" аьлла, билгало ян езар ю Радио Маьрша Европа/Маршо Радион а, "Американ Аз" радион а оцу низамца а догIуш. Нагахь санна, инструкци тIеэцна, чIагIъяхь, хIора текстан а, аудион а, видеопубликацин а коьртехь низамна юкъара 30 дашах лаьтта текст язъян дезар ду. Йозанан шрифт журналисташа бечу хааман элпийл а шозза даккхийчу элпашца къастийна хила езар ю, оццу бигалонца хила езар ю видеороликаш а, аудиофайлаш а. Юьххьехь 15 секундехь латто деза 30 дашах лаьтта низаман чулацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG