ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адыгейн куьйгалхочо стохка болх беш даьккхина 1,8 миллион сом


Кумпилова Мурата, Адыгейн куьйгалхочо, лурчахчул 380 эзар соьманна дебийна шен хьал стохка, цуьнан официалерчу сайто гойтучу декларацино бахарехь.

Стохка Кумпиловс даьккхина ахча ду 1 826 587,96 сом.

Хийца ца белла Кумпиловс лурчаха шен декларацехь гайтина бахам. Цуьнан долахь ду лаьттан ши дакъа (631 а, 58I кв. м), 323,8 кв. метр цIенош а, жима ши гIишло а (15,9 а, 27,7 а кв. м.) тIехь лаьтта дакъа. Доьш-дерзош 1606 кв. метр латта а ду цуьнгахь, цу тIехь ду 439,3 кв. м. цIа а, хIусаман хьашташна оьшу 309 кв. мерт цхьацца гIишлош а.

Кумпиловн зудчуьн деклараци тIехь а бу изза бахам, цо шарахь даьккхина ахча ду 61,4 зар сом.

  • Марсхокху-беттан 7-гIачохь и санна йолу шен деклараци йовзийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо гайтарехь, цуьнан бахам 2018-чу шарахьчул 20-зза гергга совбаьлла стохка: 7,58 миллион соьма тIера 147 997 849,29 соьме кхаччалц.
  • Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун Битаров Вячеславан декларацино бахарехь, 39 миллион сом бу цуьнан бахам - 2018-чу шарахьчул дебна 6 миллионна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG