Коронавирусах т1аьххьарчу дийнахь-буса ехь велла 7 вахархо, цомгуш хилла кхин а 380.
Иштта бу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаам. Цуьнан статистико гайтарехь, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а кхелхина кхоккха пациент, Краснодар-махкахь – шиъ. Юьхьанца дуьйна пандемих велла Къилбаседа Кавказехь 1088 стаг.
ТIаьххьарчу 24 сахьтан а, коронавирус яьржичхьана схьа долу а терахьаш:
- Ставропол-мохк +105 (9699)
- Краснодар-мохк + 90 (9642)
- ГIалмакхойчоь +52 (3173)
- Дагестан +49 (9861)
- ГIалгIайчоь +21 (3954)
- Адыгей +20 (3055)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +16 (6174)
- Кхарачой-Чергазийчоь +14 (4589)
- Къилбаседа ХIирийчоь +8 (4650)
- Нохчийчоь +5 (2170)
- Официалехь Къилбаседа Кавказехь юхьанца схьа коронавирусах цомгуш хилла лору 56 581 стаг. Ткъа ерриг Оьрсийчохь - 907 758 стаг.
-