ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ун лаьттачу юкъанна ахчанца уггаре доккха зен хилла регион ю Къилбаседа Кавказ


Дуьненаюкъарчу аудит-консалтинган Finexpertiza компанино бовзийтина пандемино динчу зенийн хьокъехь ша бина таллам. Цо бахарехь, уггаре дукха зенаш дина пандемино Къилбаседа Кавказна.

Дагестан а, Къилбаседа ХIирийчоь а ю бизнесна массанхьачул а дукха зен хиллачу мехкийн могIарахь. Нохчийчуьрчу совдегаршна хилла 3 миллиард сом зен, Дагестанехь – 2,7 миллиард, Къилбаседа ХIирийчохь - 1,9 миллиард.

Совдегаршна кхочу рицкъ уггаре чIогIа эшна мохк бу ГIалгIайчоь. 1,5 миллиард соьманна зен хилла цигарчу совдегаршна. Гайтина терахь кхечу мехкашкахьчул лакхара дацахь а, экономикехь хуьлучу эшаман болар массанхьачул чехка ду цигахь, боху эксперташа – стохкалерчу хьолаца дуьстича, 33-зза лахбелла гIалгIаша шайн махкахь доккхучу рицкъан барам.

Эшамаш сов хиларца шолгIачу меттехь ю Нохчийчоь – цигахь совдегарша хьал кхиоран болар лахделла иссазза.

"Бизнесна зенаш хир дуйла хууш дара, Кавказехь уггаре дукха ахча диллина меттигаш ю ресторанаш, хьешан хIусамаш, цхьацца салонаш – царех дукххйолучара шайн хьал официалехь гойтуш доцуш, йолах мукъадохуш бора болх, цундела ала деза, царна хилла эшамаш гуш бац, амма цара ловш долу зен Iаламат дукха ду", - элира Кавказ.Реалиига «Экономикан хаамаш» сайтан эксперта Пухаев Алика.

  • Оьрсийчоьнан бизнесна даккхий зенаш хилла коронавирус бахьанехь дозанаш къовларх а, карантинах а. Пандеми кхайкхийначу хьалхарчу кхаа баттахь Оьрсийчоьнан экономикехь тIекхуьу хьал (ВВП), стохкалерчуьнца дуьстича, лахделла 8,5%.
  • Цхьацца бахьанашца массо а совдегаршна ца кхаьчна пачхьалкхо бизнесна гIортор еш луш хилла ахча. Пачхьалкхо гIо деш делла ахча ду 3 триллион ца кхоччуш.
  • "Коронавирусах хуьлу гуш доцу зен" проекто бахарехь, Оьрсийчохь лаххара а 300 компанина зен хуьлуш ду шайна аьлла прессехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG