ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алексиевич Светлана – Лукашенко Александре: "ДIагIохьа, кхин тIаьхьа хилале"


Яздархо, Нобелан совгIатан лауреат Алексиевич Светлана
Яздархо, Нобелан совгIатан лауреат Алексиевич Светлана

Белоруссин яздархочо, 2015-чу шарахь Нобелан совгIатан лауреат хIоьттинчу Алексиевич Светланас Белоруссин Свобода Радиога дуьйцу карарчу заманчохь пачхьалкхехь лаьттачу политикан хьолах.

Светлана Алексиевич: Суна хетарехь, Iедало тIом кхайкхийна шен халкъе. Суна хаало, бIаьргашна ган а гуш, юкъаралла чIагIлуш ю. ОМОН-н лелар, цкъа а ца моьттура, уьш цу кепара хьийзар бу... Вайна гора кхечу пачхьалкхашкахь цара лелориг, амма вайн махкахь, бер чохь долчу машена тIе герзаш детташ, жима бер цIийлахь Iуьллуш, доьзалхочух йолчу зудчунна етташ, сецийначу нехан голашца са дукъош… Америкера афроIамеркахой дуьхьал бевлла инцидент карлайоккху цу суьрто.

Тахана дIалехьош ду адамаш, урамашкахь ка а етташ. Яа, мала а ца луш, спортан хIусамашкахь латтош бу лецна нах. Коьртаниг, и нах маьрша нах ма бу.

Тахана зударша вовшах а кхетта, протестан акци хIоттийнера. Цара доьхура: харжамех ма-дарра хаа лаьа тхуна, ма хIаллакбейша тхан божарий бохуш. И ши дехар бен дацара церан. Зезагаш кхоьхьура цара, Деле доьхура Йовш йоцчу цIарна уллохь. Ткъа адам лахделла, и зударий дIасабухучу юкъанна, ОМОН тIелетта царна. Ас ца дуьйцу, буьйсанна хуьлуш дерг. Доцца аьлча, цхьа тIеман зама ю-кх…

Радыё Свабода: Харжамашкахь Тихановская Светланас толам баьккхина аьлла, тешна бу нах?

Светлана Алексиевич: ​Дукха чIогIа тешна бу. И тешам царна мичара болу а хаьа суна. Шайна гонах цхьанна а ца го, Лукашенко везаш хилла нах, хьалха а санна, цунна тIехIуьттурш гуш бац. Тахана вайн урамашкахь дерг ган а гуш, оцу стагах тешам хуьлуийла дуй!?

Дуьйцуш хабарш ду, (Лебедько Анатолийс аьлла, хетарехь, цунна билггал хууш ду) пачхьалкхехь дуккха а Оьрсийчоьнан ОМОН а ю бохуш. Хьанна дезар ду иштаниг? Цу тIе, белорусаша даим а билгалдоккхуш ду, тхо маьрша нах ду, тхуна цхьа а вен ца лаьа, цхьаннах а лата а ца лаьа бохуш. Ткъа кхузахь ОМОН-о лело къизаллаш, со ца теша уьш Белоруссин эскархой бу аьлча. Вайн берийн къизалла хир яцара шайн нанойх а, йижарех а иштта лета. Ца теша-кх. Кегийчу гIаланашкхь массарна а вовшийн девзачохь ОМОН-о куьйгаш ца кхоьхьу нахана тIе. Ткъа хIинца кхузахь хуьлуш дерг ирча сурт ду.

Радыё Свабода:​ Тихановская Светлана Белоруссера Литва дIаяхар муха туьду ахь?

Светлана Алексиевич: Дуккхаъчарна хеттарг суна а хета. Тихановскаяс шен гIуллакх кхочушдина. Хийцамаш бан лааман, керлачу дахаре сатийсаран, бакъонан, шен къома дуьхьа а, шен цIийнден дуьхьа а шен са ца кхоадаран символ хилла иза, дегнашкахь иштта юьсур а ю. Адаман ницкъ ма ца кхочу массо а хIума кхочушдан. Цунах лаьцна ала цхьа а вон дош дац сан. ХIинца божарий арабовла

Кхуьй а товш яра – Цепкало Вероника а, Колесникова Мария а, Тихановская Светлана а. Мария хIинца а шен гIаролехь ю. Суна хаьа, вайн органаша муха кхерамаш туьйсу, цундела, цецволийла дац, зударий, Светлана а, Вероника а цхьана ханна юкъара яларх. Со тешна ю, и шиъ юхайогIур ю.

Радыё Свабода:​ ​Церан юкъархо хилалур ярий хьо?

Светлана Алексиевич: Хьанна, хьанна юкъахь?

Радыё Свабода:​ ​ХIинца конфликте бевллачарна юкъахь.

Светлана Алексиевич: Со жимма къона а хилча, могаш а хилча, хила там бара. Сайн болчу ницкъаца ас ишта а гIо латтор ду царна, бакъду, боламан хьалханча хила сан гIора дац.

Радыё Свабода:​ ​ХIун эр дара ахь протестан акци бевллачаьрга а, кхин а царах дIакхетар болучаьрга а?

Светлана Алексиевич: Ас даггара баркалла эр дара царна, шайн доьналлех уьш ца бохарна. Кху тIаьххьарчу масех кIиранчохь сайн къоме боккха безам бахна-кх сан. Цхьа кхин нах бу-кх уьш, оцу нахехь цхьа кхечу тайпа ницкъ а, гIора а ду-кх. Тоххара цхьа шатайпа жимма чам баьлла яра со, хIинца яц. Со хIун ала гIерта аьлча, барт болуш хила деза вай, къийсамна карор бу лидерш а. Массарна а моьттура, оцу зударша дерриг а кхочушдийр ду. Царна гонах команда хилла цахилар а вон ду.

Радыё Свабода: Лукашенко Александре ала хIун дара хьан?

Светлана Алексиевич: ...Журналисто Калинкина Светланас элир-кх цхьа дика: "Хаза дIагIохьа…!" Цу тIера дIадаьлла гIуллакх хIинца, цIий Iаьнна. ГIуллакх кхин гена далале, адам къематечу бух боцучу бердах, тIаме айхьа кхоссале, дIагIохьа. ДIагIохьа! Майдан хила ца лаьа цхьанна а, ца лаьа цхьанна а цIий Iана а. Ткъа хьо ву-кх Iедал хьайн буйнахь латтон лууш. Оцу хьан лаамо цIий Iанадойту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG