2005-чу шарахь вийначу Нохчийчоьнан президентан Масхадов Асланан Европехь вехачу воIа Масхадов Анзора дIахьедина, даймахкарчу Iедало баха ца буьту цигара шайн гергарнаш, аьлла.
Цо бахарехь, бен Iаткъам гуттар а хала лов шаьш хьийзор къаноша, оцу бахьаница велла дукха хан йоццуш цуьнан ненаваша.
"Ас хIокху муьрехь, байначу беттан 31-чохь, хаам баржийра сайн гергарнаш, шантаж лелош, маьттаза хIуманаш дуьйцуш, хьийзабо, аьлла. Оцу кепехь ша волчу Iедалхой бахккарх, шолгIачу дийнахь, велла сан ненан воккхаха волу ваша. Оцо халчу хIоттийначуьра меттайогIуш яц шеца онкологи чIагIъелла йолу сан нана. Сан уллера гергара стаг Хаджимурадов Висхан лелийна вайн Президент вийначу Девкар-Эвла, иза кхелхинчу метте а вигина, камераш тIе а хьовсийна, къамел дойтуш. ХIун хир ду оцул боьха? " - яздина Масхадов Анзора шен инстаграмехь кху беттан 13-чу дийнахь.
Хьалхо Масхадов Анзора хаам баржийра, Нохчийчуьрчу ницкъхоша шега телефонаш етта, Кадыровна критика ярна "халкъ кIинтIера даккха ", ца даккхахь, "хьан гергарчийн проблемаш хир ю", бохуш, аьлла.
- Масхадов Аслан - 1997 шарахь хаьржина Нохчийчоьнан президент. Махкахь шолгIа тIом боьдуш, 2005-чу шарахь, вийра иза Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Соьлжа-ГIалина гена йоцчу Девкар-Эвлахь. Дакъа, гергарчаьрга дIа ца луш, къайлах дIадоьллина Iедало.
- 2020-чу шеран Зазадоккху-баттахь Маршо Радионо хаам бира, 15 шо набахтехь а даьккхина, мукъаваьлла Масхадов Аслан вуьйчу хенахь цунна уллехь хилла цуьнан накъост Мурдашев ВахIид, аьлла. Ткъа маьрша а ваьлла, шен даймахка дIакхаьчча, Мурдашев полице вигина латтийра массех дийнахь.
- Хаджимурадов Висхан Оьрсийчоьнан ницкъаша йийсар вира шен уллера гергара волу Масхадов Аслан вийначу дийнахь. 7 шарахь латтийра иза набахтехь.